ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СNN: «Дуьненчохь ахчанца уггар аьтто болу стаг»


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. 03.10. 2017.

Iамеркан CNN телекомпанин журналисто Закария Фарида филм яьккхина Оьрсийчоьнан президентах Путин Владимирах лаьцна. «Дуьненчохь уггаре карахь ницкъ болу стаг» аьлла ю цуьнан цIе. Кремлехь оьгIазбахарца тIеэцна иза, яздо «Iамеркан аз» портало.

Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс, журналисташа дехар дича, цхьа а хIара ду аьлла хIума бухехь доцу, шайгара дуьйцуш долчунна тIехь хIоттийна материал ю аьлла мах хадийна цуьнан.

Песковс Шинарин дийнахь хаам бира, Оьрсийчоьнан куьйгалхо ца кхиина цуьнга хьажа, иза буьйсанна гайтарна, шайгахь и филм яц, зорбанан гIирсашкара цхьацца куьскашка бен ца гина шайна аьлла.

Цунна хетарехь, цу филмехь дакъалоцуш болчу наха шаьш дуьйцург дуккхазза а дийцина, хилларг хIун дара бохучу кепара материал ю пайда эцнарг, хIара ду аьлла цхьа а кхин керла хIума дац цигахь.

Цу юкъана, ша Песковс а елла оцу филмана хьажийна интервью. ТIаьхьо цо даре дира цунна хетарг «мелла хилла а цу филмехь хилар».

«Контрапункт» журналан коьрта редактор ю Липман Мария. «Iамеркан аз» зорбанан гIирсана интервью луш, цо элира, Малхбузе еххачу хенахь зовкх хьоьгуш яра Москохахь кхераме ву аьлла лидер воцуш. Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа 10 шо делира царна Оьрсийчоьнах кхин кхера оьшуш дац аьлла хеташ. Цул тIаьхьа уьш малбелира. Цо дуккха а бохамаш беара", - боху Липман Марияс.

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу политикехула говзанча ву «Комитет гражданских инициатив» вовшахтохараллан куьйгалхо Орешкин Дмитрий. Цунна хетарехь, «ницкъ» дош филман авторо Закарияс далийна, «кхераме» бохучун чулац а болуш.

CNN телекомпанино Путинах лаьцна гайтинчу филман тиллина цIе йогIуш ю аьлла а хета Орешкинна: «Путин карарчу хенахь уггаре а кхераме а, хIуъа а дан мегаш волу а стаг ву дуненерчу лидершна юкъахь. Оьрсийчохь иза тов дуккха а нахана. Кхузахь иза цхьа чIогIа хьуьнаре стаг хета».

XS
SM
MD
LG