Гази ХIусрев-Беган цIарах йолу библиотека керла гIишло чохь хир ю. 100 эзар сов Iаьрбийн а, туркойн а жайна хир цуьнан фондехь. Ша библиотека дуьххьар йиллина яра 1537-чу шарахь Гази ХIусрев-Бега, Iусманан туркоша Сараевохь хIоттийначу хьаькамо. ХIусрев-Бега дуккха а гIишлош яйтинера Сараевон ширачу гIалахь. 1990-чу шерашкахь Боснехь тIом иккхича, библиотекера жайнаш бархI меттехь къайладаьхнера. Керла гIишло йина Кхатар-пачхьалкхан ахчанах. (Сурташ даьхна Потурович МидхIата, Маршо Радионан Балканийн Сервис)
Бусулба библиотека схьайиллина Сараевохь

5

6

7

8
Ийетбегович Бакъир (аьрр), Босни-ХIерцеговинин боснякийн агIора президент, Кхатарера хьешашца