ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулба библиотека схьайиллина Сараевохь

Гази ХIусрев-Беган цIарах йолу библиотека керла гIишло чохь хир ю. 100 эзар сов Iаьрбийн а, туркойн а жайна хир цуьнан фондехь. Ша библиотека дуьххьар йиллина яра 1537-чу шарахь Гази ХIусрев-Бега, Iусманан туркоша Сараевохь хIоттийначу хьаькамо. ХIусрев-Бега дуккха а гIишлош яйтинера Сараевон ширачу гIалахь. 1990-чу шерашкахь Боснехь тIом иккхича, библиотекера жайнаш бархI меттехь къайладаьхнера. Керла гIишло йина Кхатар-пачхьалкхан ахчанах. (Сурташ даьхна Потурович МидхIата, Маршо Радионан Балканийн Сервис)

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG