ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен дахар даймахкаца доьзна лоьро Баиев Хьасана (аудио, видео)


Нохчийчоь -- Баиев Хьасан, Макажа. 23.10.2016.
Нохчийчоь -- Баиев Хьасан, Макажа. 23.10.2016.

Баиев Хьасанца масех де хьалха цуьнан дай баьхначу юьрта Макажа вахар нисделира Маршо радион корреспондентан. И меттиг ша а инзаре хаза а, дагна аьхна а ю.

Дицло хьан дахарехь болу кхачамбацарш а, чолхаллаш а. Шадерриг дуьсу лахахь, мархашна бухахь, гIалахь.

Оцу Iаламатехь дина Баиев Хьасана цIа, шен дай баьхначу кертахь, уьш чохь баьхначу тIулгийн цIенна тIехула. Церан синойн ларам беш, цо ша тIехь дина долу цIа даздина тIе ца хIоттийна цунна. Мелхо а, тIехула ша лаьтташ долу рагIо а дина, цу тIехь хьаладина ду. Цигахь, цуьнан комаьрша хIусамехь хилира тхойшиннан къамел.

Баиев Хьасан тахана Нохчийчохь болх беш ву. ДегIаца а, коьртачу декъана, юьхь тIехь сакхташ долчу берашна операцеш йо цо Iамеркера цIа а вирзина. Ткъа цига кхачаран бахьанаш цахуучарна дагадаийта деза, цо, ша лор хиларе терра, харжа а ца хоржуш тIемало велахь а, оьрсийн эскархо велахь а, маьрша вахархо велахь а операцеш йора.

Болх дукха хилла оцу хенахь, шолгIа тIом болабелла хан яра иза. ХIетахь дахарна кхерам болун дела цуьнан дIаваха дезнера. Шена кхетара ша боху цо, цхьана агIор шен психикана цхьа дарба ша ца лахахь, тIаьхьало вуон хир юйла.

Баиев: «Со Iамерке воьдучу хенахь чIогIа сиха хан яра. Суна дукха дика хаьара сайна цхьа психологийн ребилитаци оьшуш юйла.ГIалгIайн махкахь дуьненаюккъерчу цхьанатохараллаша гIо а дина, ара а ваьккхина дIавигира Iамерке. Со цига дIакхаьчча, аэропортехь дуьйна чIогIа цецвелира со. Даг тIе кхерам теснера суна, ас хIун дийр ду теша, бохуш».

Iамерко а, сел иллешкахь юьйцучу, Баиев Хьасана ша бахарехь, Марша вогIийла хьо, ма дика ду хьо веъна, аьлла къевллина мара ца воьллина. Ша мила ву а, хIун адам ду адIахаийта Хьасанна шортта хан езна. ХIетталца, ша хало хьегна, доьзалах а, Даймахках а къаьстарал сов, кхане муха хир ю ца хууш, аьлла кхин дIа а дуьйцу цо.

Баиев: «Со дуьххьара цхьана Iамеркхойн доьзалехь Iийра. Церан кертахь гIуллакх дора ас: бай лоргура, зезагаш а, дитташ а лоргура. Цара цунах ахча а луш ваьхна ву со.

Цул тIаьхьа Кентукки штатерачу университете кхаьчнера со, цигахь суна бакъо елира цхьа экзамен дIалахь лоьрийн болх бан. Вуьшта, 4 экзамен яра яла езаш. Уьш дIалуш хийла стага 15-16 шо доккху. Иштта волавелира со болх бан».

Баиев Хьасанна Iамеркехь шен говзаллица болх бан бакъо еллачул тIаьхьа, лоьрийн тобанца дуьненахь берашна операцеш еш лелла иза. Ца кхочуш пачхьалкх ца йисна. Дуьххьара Оьрсийчу кхаьчча, дагахьбаллам хуьлура шена, боху цо, иштта нохчийн берашна и гIо деш доцуш. ТIаьхьо цуьнан и таро а хилира.

Баиев: «Кху дуьненахь со хиланза пачхьалкх хир а яц. Уггаре а къен пачхьалкхашка лелла со лоьрийн тобанца. Суна хIета а даима вас хуьлура дагна, вайн цIахь долчу берашна гIо деш вац-кха со, аьлла. Дуьххьара Таганроге кхечира со лоьрашца.

Сайн хьакаме ас дехар дира, Нохчийчуьра а бераш дахкадайта сайга, аьлла. Царна хууш дара ас сагатдой. Бакъо елча, ас 20 бер далийра цигара».

Дуьне мел ду баьржина бу нохчий. Доккха дакъа Европехь ду, социалан система гIоле ю бохуш. Iамеркан цхьанатоьхначу штаташкахь дукха бац нохчий. Цигахь къахьега деза. Iедало, хьо шайгара гIо доьхуш тIевеъна велахь, юьхьанца массо а агIор гIолоцу, амма цхьа хан дIаяьлча, хьо шайца дIа а нисвой, хьуо ваха олу. Иза нийса хета Баиев Хьасанна. Нехан бага а хьоьжуш, нохчий цкъа а ца баьхна, элира цо.

Баиев: «Iамеркехь цхьана шарахь, шина шарахь хьуна гIо до, говзалла Iамош, мотт Iамош. Цул тIаьхьа хьоьга болх бе олу. Нийса а олу. ЖIаьлина кхуссу даьIахк санна лучу хIуманна марздалар дика дац. Хьуна алапа а, болх а латтабо Iамеркехь.Шайна а пайда хилийта хаьа царна. Цундела ю иза чIогIа а, кхиаме а».

Баьллачу тIамах хилла зенаш а, харцийна дахар а ца лерича, нохчашна пайде дирзинаргдукхачарна дуьне гар а ду, нах муха беха гар а ду, царна, лартIехь долчу адамашна санна, оцу лакханешка кхача лаар.

Баиев Хьасана Нохчийчоьнан кхиаме хинйолу кхане юзу Оьрсийчоьнан дозанал арахь доьшучу кегийрхошца. Уьш вайна тахана гуш бацахь а, шортта бу, ша царех воккха а ве, аьлла билгалдаьккхира цо.

Баиев: «Кху дуьненахь со дукхачу пачхьалкхашкахь а хилла. Дуккха а нохчий а гина суна. Япони вахча, цигахь ас лекци йоьшуш, суна нохчийн кхо кIант гира. Цара ша чIегIардиго санна японхошца церан мотт буьйцура. Иза чIогIа хазахийтира суна.

Дуьне мел ду вайн кегий нах бу дешаран Iилма схьаоьцуш. Банкан системехь а, политикехь а, спортехь акъахьоьгуш бу уьш. Дуьххьара вайх дахнарг дара вайна орцах вала стаг цахилар. ХIинца вайн нохчий массанхьа бу. Иза ю вайн кхане».

Шен тахане а, кхане а, тIейогIу къаналла а Баиев Хьасана шен Даймахкаца юзу. Иза иштта ца хилча, стенна лаьттина оццул шераш девлча а, шен дай баьхна хIусам, аьлла хета цунна.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG