50 шо кхаьчна Солженицын Александра «Иван Денисовичан дахарера цхьа де» жайна яздина. Цо дуьххьара гайтира Сталинан репрессеша мел шуьйра, йоккха меттиг дIалаьцна Оьрсийчоьнан дахарехь, мел деха ду набахтийн кочар. Маьхаза белхаш бен миллионаш нах, бала хIиттина къахьоьгу тутмакхаш – и бара халкъана 1917 - 1960 шерашкахь Советан Iедало беъна «пайда».
Антисоветан пропаганда лелорна чувоьллина, Экибастузехь № 282 тутмакх а волуш, ша набахтехь даьккхинчу 8 шеран тидамаш бу автора шен жайнехь бовзуьтуш. Ма-дарра гайтира Солженицына Iазапах долу бакъдерг…
Сталинан набахтеш "Иван Денисовичан" бIаьргашца
10
Набахтера ноьмар букъ тIе язйина йолу тутмакхан "тужурка"
11
Автозак чуьра охьабуьссучу тутмакхийн терго йо хано
12
1933-гIа шо, Бамлагехь пхьор деш бу тутмакхаш.
Prisoners eat lunch at the Bamlag camp in 1933.
Prisoners eat lunch at the Bamlag camp in 1933.
13
Къилбаседа Печорехь аьчка некъ буьллуш бохку тутмакхаш