Оьрсийн къаношна накъосталла дархьама масех шо хьалха кхоьллина Соьлж-ГIалахь гIоьналлан «Шен хийранаш» цIарца проект.
Карара бутт юккъе баллалц махкахь жигара хьийза оцу боламан волонтераш. Проектан куьйгалхочо Орлова Юлияс «Кавказ.Реалии» портале дийцира, массара а дIатесначу нахана муха латтон еза гIортор.
«Мемориал» олучу бакъонашларъяран центран Iуналлехь яра хьалхо «Шен хийранаш» проект.
- Тоххара Нохчийчоьнца хIуммаъ дацара сан дозуш, суна ца хаьара цигахь оьрсийн къомах нах баьхнийла а, бехийла а. Ас дуккха а зорбанашкахь дийшира церан кхолламах лаьцна, иштта доладелира и гергарло дуьххьара.
"Шайн доьзалша бицбина и къаной"
Масех бIе оьрсийн къаной беха Соьлж-ГIалахь. Шайн доьзалшна бицбелла я уьш боцуш санна, бIаьргаш хьаббина Iаш белахь а, тIевогIуш стаг а воцуш Нохчийчохь беха уьш.
ТIеман шерашкахь петаршна бухарчу лармашкахь къайла а буьйлуш, хене бевлла уьш. Ткъа тахана болчарна а совбоьвлла, цхьаллехь хан токхуш бу.
- Урамашкахь хьо вогIуш-воьдуш гур бац хьуна уьш. Оха тIехь верасалла латтон уьш юьхьанца меттигерчу килсехь гора тхуна. Дуьххьара тхо Нохчийчу дахча, оха гергарло тесира оцу килсан мозгIарца. Оха дукха ойланаш йира, хIун дина церан дахар аттачу доккхур дара-те бохуш. ТIаккха ахчанаш вовшахтоха сацам бира оха уггар хьалха, - дуьйцу Орловас.
Ши шо а ду Юлияс а, цуьнан белхан накъоста Нестеренко Натальяс а, волонтераш санна, шайн ницкъашца и проект йолийна.
- Белхан кIорггера ойла йича, кхийтира тхо, «Мемориалан» миссица и проект йогIуш цахилар.
Гранташ а йоцуш болх беш ю проект (юьхьнаца гIиртира президентан грант яккха, амма аьтто ца белира). Иштта меттигерчу Iедалан накъосталла а ца хилира. Нохчийчу доьлхуш некъана ахча а наха вовшахтуьйхира тхуна.
- Хала вовшахкийтира тхан оха кхайкхийна исс бIе эзар сом а. 7-зза Нохчийчу даххал бен ца тоьара иза а. Керста динан цхьана сайто шен агIонтIехь дуьххьара яздира тхан проектах лаьцна. Цул тIаьхьа цхьана кIиранчохь дийнна шарахь тхайн гIуллакхна хьовзон ахча вовшахкхийтира тхан.
Ишта-м Нохчийчохь болх беш ЦIечу ЖIаран тоба а ю. Амма къаношна гIо-накъосталла кхачоран программа ерзийна масех шо а ду цара.
- Кхечу регионашкахь а санна, Нохчийчохь социалан гIо латтош ду. Амма цуьнах лаьцна дийца суна хала ду, хIунда аьлча, суна сайна хеза оцу гIо кхачорах негативе къамелаш, - элира Орловас.
Мел лаххара а, бIе къаночунна гIо кхачадо волонтераша шаьш цкъа Нохчийчу бахча.
- ГIо дарал а совнах, къаношна оьшург, шайна тергам бар ду, - дуьйцу Орлова Юлияс.
- Дуьххьара оха шайца зIе тесча, мел чIогIа цецбуьйлура уьш! – «Муха? Москохара ду? Тхо диц ца дина?», бохуш.
"Дукхахболчеран доьзалш бац къанойн Iуналла дан"
Цхьаберш боьлхура. Оьрсийн къаношна шаьш дицдина, дIатесна аьлла хетара. Цундела дегабаамаш а бара церан. Дукхахболчеран доьзалш бац къанойн Iуналла дан. Церан бераш Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь ду, Нохчийчохь дац. Бу ишта царлахь гергарнаш банне а боцурш а.
Волонтераша килсашкахь тойнаш хIиттадо цъалхачу къаношна лерина, латтайо цигахь кхачан сурсаташ а.
- Массарна а дIасайоькъуш ю тхан цхьабоса кечйина кхачан сурсаташ. Даьтта, гарзанаш, шекар, стоьмаш, марзолгаш. Даим цхьана туьканара оьцу оха и чурсаташ. Хьакхийн йоьхьаш а хуьлу оцу туьканахь духкуш. Баккхийчарна Iаламат чIогIа хазахета шайна и йоьхьаш делча. ХIинца оха къаношна кечдинчу тIоьрмигашчу йоьхьаш ца дахка ойла хиллера тхан цкъа, хIунда аьлча, дукхахболчийн марханаш ма дуй кхобуш. Марха даьстинчул тIаьхьа дуур дай цара-м аьлла, юха а меттахIоттийра со.
Баккхийчарна латтадо молха-маха а, кега-мерса дахаран хьелашкахь оьшу техкника а, цкъацкъа гIо до церан петарш юхаерзорехь а.
- И ю йоккха проблема кхузахь. Къанойн петарш дIалоьцуш, шайн долайоху… кхечу наха, - дешнаш а лоьхуш дуьйцу Юлияс.
Шайн йоцуш, дIалецначу петаршкара нах арабаха хала хуьлу, делахь а «Мемориал» центран юристаша хIинцале а масех хIусам юхаерзийна оьрсийн къанойн дола.
- Тхо масарна а дика девза. Тхо дахкаре са а туьйсу. Цхьаммо пираьжкаш йо, вукхо хьонка кечбо. Тахана цхьа йоккха стаг ю тхуна лерина чорпа а кечйина, тхо дахкаре сатуьйсуш.