ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIебахийта ца боху ас хьоьга буй!.."


Нохчийчоь -- Инстаграммера сурт. Chechnya/instagram of Kadyrov – kadyrov_95
Нохчийчоь -- Инстаграммера сурт. Chechnya/instagram of Kadyrov – kadyrov_95

Кхаарин дийнахь Соьлжа-ГIалахь дIадаьхьначу  "Grand Prix Akhmat-2016", олучу латаршна юккъехь кегийчу бераша дакъалацарна ша реза цахилар дIахаийтина ММА-н кхеташонан куьйгалхочо Емельяненко Федора. Цо емалдина берийн коьртехь куйнаш ца хилар а, моттаргIаца хила дезачу меттана, иза боккъала латар хилар а.

Ала догIу, Емельяненко Федора вуьйцург Кадыров Рамзанан кхиазхо волу кхо кIант ву. Кхаъамо а толам а боккхуш чекхдаьккхира шайн латар, цхьаммо шеца леташ верг 14 секундехь нокауте а вохуьйтуш. Емельяненко Федорна ца тайнарг ду оцу латаршкахь хьожуш Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хилар а, иштта и турнир «Матч» олучу спортан телеканалан эфирехь гайтар а.

Емельяненко Федора оццул оьгIазе дIахьедар даллал чолхе хIума хилла дац цигахь, аьлла и латаран къийсадаларш дIадаьхьначу агIоно. «Ахмат» цIе йолчу латаран клубан куьйгалхочо, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьн кхерамзаллин сервисан коьртехь волчу Висмурадов Абузайда мелла а буьрсо дуьхьала жоп делла шайна буьллучу бехкана. Шен Инстаграмм чохь цо иштта язйина:

"И латарш - гайтарш дара.Iалашо-тхан махкахь ММА кхин а яьржийта. Уьш дика дина аьлла комментареш а йина. Амма Емельяненко Федорна ца тайна иза.

Хаттар: иза мила ву, тхан турниран а, тхан латаршна а мах хадо? Хьоьгуш-м вац теша иза "Grand Prix Akhmat-2016" дукхачара оьрсийчуьра ММА-н юккъехь уггаре а дика турнир ю аьлла тIеэцар а, ша кхуза ца кхайкхина аьлла а."

ХIара тайпа материал, лаккхара Iедалхой, диканна, я вуонна хьахош хилча, комментари ян хала хуьлучарах ю. Маршо радио зIене яьллачу гIарбевллачу спортхошна а ца лиира шайн аьзнаш хазийта. Халахеташ делахь а, хьал иштта ду. Амма аьтто белира, ша а оцу доза доцу латар Iамочу, жимчу стаге хаттар дала.

Шен цIе цаяккхар а доьхуш, цо хаам бира, Iемаш дукха кегий бераш а хуьлу, амма уьш коьртехь куйнаш а доцуш забаренна а юккъе ца бовлуьйту, аьлла.

Iемаш волу латархо: «Кегий бераш а хуьлу цигахь, голаш дIа а йоьхкий, коьрта тIе куйнаш а дугIий леташ.Iама лууш ду уьш. Царна юккъахь къаьсташ берш а хуьлура. ОьгIазе а болуш, летара уьш. ХIинца вуьшта латаршна юккъера дIадовлуш ду бераш. Иза хала ду аьлла хета царна. Доза доцу латаршна юккъе даха лаьа царна».

Хьовсархошна а ца хета, оцу дIахьедарел и хIума кхин гена дер ду аьлла. И латарш деха а дацара, гайтаме а дара. Иштта айдалла хIума ца хета иза оцу латаршка хьажа оьхучу Соьлж-ГIалара вахархочунна Саидов ХIаронна а.

Саидов: «Цхьана агIора, ша оцу даржехь волуш, куйнаш церан ца хилла аьлла цо дийцина хилар, харцдан ца оьшу. Амма цигахь рефериш а бара, кхиболу баккхий нах а бара тIехьожуш. И гIуллакх айдечул, шен вашас лелочунна комментари ян езара цо».

Емельяненко Федорна ца тайнехь а, кхечу, дуьненахь гIарбевллачу доза доцучу латаршна юккъерчара мелхо а къобалдо иштта кегийберш леташ хилар. Iамеркера латархо Монсон Джефф тIе ца тайна шен накъоста, дуккхаза ша леттачу Емельяненко Федора дуьйцучунна. Шена хааделла дац, аьлла цо, иштта кегий бераш рингехь леташ, царах цхьанна а могушаллина зе хилла.

Соьлж-ГIалара вахархочунна Саидов ХIаронна хетарехь, нохчаша дина муьлхха а хIума чIогIа гIара а доккхий, дестадо. Кхузахь догIуш дацахь а, берех къахеташ хилча, Нохчийчохь оццул дайъинчу а, хIинца Шемахь дойъучу а берех шен дош довзийта дезара оцу спортхочо, элира цо.

Саидов: «Оцу берех иза баккъала а сагаттадеш валахь, кху тIемашкахь уьш дойуш мичахь вара и Емельяненко? Кхузахь дайинчул дукха дацахь а, кIезга хира дац, Шемахьлеш дерш а. Царах а ала деза цо дош».

Емельяненко Федора динчу дIахьедарна терго йийр ю аьлла Оьрсийчоьнан спортан министраллехь. Еарин дийнахь, делкъал тIаьхьа Кремлехь а шайна хетарг довзийтина оцу латарех.

Оьрсийчоьнан президентан зорбан-секретара Песков Дмитрийс аьлла, нагахь санна, ма дийццара, цхьа бер нокауте а дохуьйтуш латарш хиллехь, цунна терго ян еза, хьакъйолчу урхаллаша, аьлла.

ТIаккха цо тIетоьхна, ма-дарра цигахь хилларг хIун ду вайна хууш ма даций, аьлла. Цундела, схьагарехь, и гIуллакх кхин гена дер дац.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG