ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Крокусера" теракт йирзича кадыровхошна совгIаташ дар, ПIаьнгазахь хаавелла "Кадыровн агент". КIиранан хаамаш


Гуьржийчоь, ПIаьнгаза. Гайтаман сурт
Гуьржийчоь, ПIаьнгаза. Гайтаман сурт

Теракт йинчул тIаьхьа кадыровхошна совгIаташ декъна, ПIаьнгазан чIожера маьждиган имамах "Кадыровн агент" аьлла, лахара алапа оьцучийн рейтингехь йу Нохчийчоь – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 56-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

"Крокусехь" теракт хиллачул тIаьхьа кадыровхошна делла совгIаташ+ Къилбаседа Кавказера ДаIиш а

Подмосковьера "Крокус Сити Холл" концертан зал чохь йинчу терактана бехкехетарш лоцуш дакъалацарна "Ахмат-Россия" полкан эскархошна совгIаташ дина – царна йекъна мидалш, баркаллин кехаташ, тIелатарна бехкеберш лоьцуш накъосталла дарна седарчий а.

Эскархошна совгIташ лур ду аьлла хаамбира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана зазадокху-беттан 23-чохь, бохам хиллачу шолгIачу Iуьйранна. Цо бахарехь, полкан эскархоша дакъалецира къайлахчу сервисийн операцихь Брянскан кIоштахь, цигахь куп тоьхнера цара Украинаца долу доза Iалашдеш.

ШолгIачу дийнахь, зазадокху-беттан 24-чохь, Оьрсийчохь тезетан де кхайкхийнера, "Крокусехь" байъинчарна лерина, Кадыровс дIахьедира эскархошна "Майраллин" 12 мидал йаларх, тIеман министралло баркалла олуш 20 кехат даларх а. Кхин а ши де даьлча нохчийн эскархошна совгIаташ дийкъира Брянскан кIоштан губернаторо Богомаз Александра – сийлаллин грамоташ а, билгалонан седарчий а дийкъира цо а. СовгIаташ доькъуш хIоттийначу барамехь "Ахмат-Россия" полкан командиро Элимханов Зоврбека баркалла элира Нохчийчоьнан урхалхочунна шайна мел оьшург латторна, полк Оьрсийчоьнан министраллин декъехь йоллушехь.

"Ахмат-Россия" полк вовшахтоьхна йу 2023-чу шеран бIаьста Украинерчу тIамехь дакъалацийта - мухха хиллехь а, Соьлжа-ГIалахь иштта дIахьедора. Мангал-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочо хаамбира, эскархой кеста тIамтIе боьлхуш бу, кхин а масех бутт баьлча йуха а тIечIагIдира цо изза. Делахь а, и "кеста" бохург кхин тIе а ца кхечира. ГIуран-баттахь а, дечкен баттахь а хаамбира, оцу декъан эскархой Iаморашкахь бу аьлла.

Официалехь хаамбина бац "Ахмат-Россия" полк Брянскан кIошта дехьайаккхарх, амма зазадокху-бутт болалуш бен бигина бац цига уьш. ХIетахь Кадыровс дIакхайкхийра, "полкан тобанна" гуманитаран мохь кхачийна аьлла - йуург, молханаш, лоьрийн гIирс а. Йаржийначу видеоца а догIуш, Брянскан кIоштара Долботово эвлахь хилла эскархой, цигара дIа Украинан дозане кхача 40 километар йу, Беларусин дозане кхача - бIе гергга.

Кадыровн дIахьедаршка ладоьгIча, "Крокусехь" теракт йарна бехкехетарш лацар дуьххьарлера операци йу "Ахмат-Россия" полкан, - оцу сохьта эскархошна совгIаташ а доькъуш. Оцу йукъанна операцихь цара хIун дакъалаьцна дуьйцуш дац, цул совнах, гIаттамхой бара бохурш боьлхучу агIор уьш хьалххе нисбелла хиларх а.

Брянскан кIоштахь лецарх хаамаш баьржинчул тIаьхьа тIамехьа йолчу телеграм-каналаша сурташ а, видеош а йаржийра, шеконашца лаьцначу цхьанна тIехь къизаллаш лелош. Кадыровхой цунна бехке бу ала билггал тоьшаллаш доцуш ду.

ТIаьххьарчу официалан зерашца а догIуш, (хIара подкаст арахоьцучу йукъанна), тIелатарехь вийна 143 стаг - белларш дукха хиларца, Бесланехь теракт йинчул тIаьхьа Оьрсийчохь уггар а йоккхачех йу хIара теракт. Концертан гIишло чохь дуккхаъ нах байъарх жоьпалла шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан афганхойн гарано.

Зазадокху-баттахь дIахьединера Кремле, терроран тохарш дан кхерам лаьтта аьлла, амма тIаьххьара а Оьрсийчоьнан Iедалхоша бохамах пайдаийцира бух боцуш Украинана а, Малхбузена а бехкаш дахкархьама. Цара аьттехьа а тIе ца дуьту шаьш гунахь хилар, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашна дагахь доццург хилла аьлла дIахьедира цара. Цхьахйолчу версица, терроризмаца къийсам бу шаьш латтош, Къилбаседа Кавказехь а цхьаьна аьлла, сурт хIоттон гIортар бахьана долуш дина хила там бу.

Украинехь шуьйра тIом болийначул тIаьхьа радикалан исламисташца доьзна Оьрсийчохь теракташ дан кхерам латтар тIаьхьа теттинера. Делахь а, ницкъахоша саццанза дIакхийкхадора, шаьш "Исламан пачхьалкхан" агIончаш лоручаьрца латточу къийсамах: стохкалерачу цхьана шарчохь Кремльна герга долчу зорбанан гIирсаша хаамбира оцу кепара 65 гIуллакх нисдаларх, ларарш дина Кавказ.Реалии редакцино. Цул совнах, "Крокусехь" динчу терактах жоьпалла шайна тIелаьцначу ДаIишан афганхойн агIор йолчу гаранера кхерам де дийне кхуьуш бу, стохка гурахь дIахьедира иштта СНГ-н Антитерроран центро, цуьнан штаб-петар Москвахь йу.

"Исламан пачхьалкхан" агIончаш бу бохурш лоьху йоллу Оьрсийчохь а, ур-атталла аннекси йинчу ГIирмехь а, дIалецначу Донбассан дозанаш тIехь а цхьаьна, амма къаьсттина дукха гIуллакхаш нисло – Къилбаседа Кавказехь. Уггар чIогIа дийцинчех дара цигахь тIаьххьара хилла гIалгIайн Карабулакера инцидент. Масийтта сахьтехь тIом бина нах бехачу секторехь шайн шеконашкахь хилла йалх вийра ницкъахоша, полисхошна динчу цхьа могIа тIелетаршна бехке бу аьлла. Къайлахчу сервисаша ДаIишан тIемалой бу аьлла, дIакхайкхийра уьш. Цуьнан тоьшаллаш далийна дацара, ша террорхойн тобано а ца элира, байъинарш шайн могIарехь бара аьлла. Цуьнца цхьаьна кхин цхьа верси а хазийра, ГIалгIайчоьнан суверенитетехьа болчаьрца хилла уьш аьлла, йа цунна а тоьшаллаш ца дира.

Нохчийчохь "Исламан пачхьалкх" хьахийна тIаьххьара (хIара видео арахоьцучу хенахь) 2021-чу шеран гIуран-баттахь Соьлжа-ГIали йуккъехь полицина тIелатар дича. Официалан версица а догIуш, зулам динера ГIалгIайчуьра шина вахархочо арсашца; чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин цхьа белхахо вийра, кхин цхьаъ лазийра. Шаьш тIелеттарш а байъинера. Дукха ца Iаш Дайиша жоьпалла шена тIелецира динчу тIелатарх, делахь а тоьшаллаш ца гайтира тобано. Цул а хьалха зорбанашкахь йаздора, 2016 - чу а, 2019-чу а шерашкахь Нохчийчохь динчу кхин а шина тIелатарна гунахь хила тарло "Исламан пачхьалкх" аьлла, амма цуьнан а бух бацара.

Дагестанехь ДаIишца йоьзна тIаьххьара теракт хилира 2016-чу шеран зазадокху-баттахь – хIетахь тIемалоша чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин машенийн ковра эккхийтира, велира цигахь ши полисхо. Цул а бутт хьалха Iожалхочо машен эккхийтира Дербентан кIоштара некъан полисхойн постана хьалха. Ткъа 2015-чу шеран гIуран-баттахь муьлш бу цахуучу наха герзаш диттира Дербентехь –и тIелатарш а шаьш дайтина ду элира "Исламан пачхьалкхо".

ТIаьххьарчу заманчохь дукха хьолахь тIаьхьабуьйлу Iедалхой дIабахначу, йа гIаттамхойх дIакхета лаам болчарна, йа царна ахча дехьадаьккхинчарна; цкъаболчу меттигашкахь ФСБ-но дIахьедора и теракташ йукъахйахарх. Цул совнах, даIишхошца уьйраш йу олий кест-кеста кхелаш йо колонихь хан йоккхуш болчарна а.

Делахь а, ДаIишца уьйраш хиллачарлахь талламбар цIена ца хьулу, цхьана декъана, йа дерриш а бух болуш цахиларна, билгалдоккхура бакъоларйархоша. Церан хаамашца, терроризмаца къийсам латтош ду шаьш бохуш, кеп хIиттайойла ду ницкъахойн, шайна ахча далийта, йа керла цIе, йа шайн "план" кхочушйеш.

Делимханов Адаман вешина инарла-полковникан дарж делла

Росгвардин директоран гIовсана, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адаман вешина Делимханов Алибекана инарла-полковникан дарж делла. Оцу кепарчу омрана куьйгйаздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбина шен телеграм-каналехь цунна керла чин даларх. И тIетевжина Путинан омра, официалехь зорбане даьккхина дац.

Чиллан-баттахь Кадыровс Нохчийчоьнан "турпалхочун" седа белира Делимханов Алибекана, Росгвардин директоран гIоьнча ву иза а олуш; хьалхо Къилбаседа Кавказан гонашкара Росгвардин эскарийн куьйгалхочун гIовс вара иза.

Вежарий Делимханов Адам а, Алибек а хьахийра Оьрсийчоьнан политик Немцов Борис верца долчу гIуллакхехь. Амма цара вийна аьлла, дина тоьшаллаш дац. Доьзалан адвокаташ цуьнан вешига Алибеке а, гергарчу Геремеев Руслане а, Сулеймане а хеттарш дайта гIиртира, амма царех цхьа а кхеле ца веара.

ПIаьнгазан чIожера керла имам "Кадыровн агент" ву аьлла Гуьржийчохь

Дукха хан йоццуш Гуьржийчуьра ПIаьнгазан чIожера маьждиган имам хIоттийна Дуишвили ТIахIир бехкевина Нохчийчоьнан куьйгалхочун дуьхьалончаша Кадыров Рамзанан рожаца а, цунна муьтIахь йолчу муфтиятца а уьйрашкахь хиларна.

Оппозицин телеграм-каналашкахь йаржийна аудиош йу, дийцарехь Дуишвилис дIайазйина, хаамбина Маршо Радион "Эхо Кавказа" гуьржийн сайто. Билггал уьш цуьнан йу аьлла, тIечIагIдина дац, амма ша Дуишвилис дIахьедина, аудиош бутт хьалхалера йу, цхьаммо лелочу тобана йукъара кхаьчна а йу аьлла.

Хаамашкахь Дуишвилис баркалла боху Нохчийчуьра муфтиятана гIо латторна, чIагIо йо ПIаьнгазара салафизман агIончаш "нийсачу исламах кхето".

Аудиош тIехь бахарехь, Дуишвили ПIаьнгазахь имам хIотта реза хила бохуш, дехарш динарш а Нохчийчуьра муфтиятера хилла, ткъа ша Нохчийчохь вехаш хиларна дуьхьал вала гIоьртинера иза, ишта Iеламчан хааршна а ша гена ваьлла хиларна.

Оцу йукъанна муфтиятехь гIо латтор ду аьлла хилла цуьнга, кистойн бераш Нохчийчохь Iамош ахчанца а цхьаьна. Билгалдоккху, Нохчийчуьра муфтийс Межиев Салахьа "йукъ-кара гIо деш хилар ПIаьнгазара динан векалшна, ахча дехьадаьккхина а хилла, маьждиг деш гIо дина".

Маршо Радион гуьржийн сервисана йеллачу комментарешкахь меттигерчу бахархоша тIечIагIдина, шайн терго хиларх нохчийн Iедалхой ПIаьнгазан чIожехь шайн дош толийта хьийзаш хиларх. "Дикка хан а йу хIара доладелла таханалерачу дийне схьадогIу", оцу тIехула керла хIоттийна имам "башха тIеоьцуш хир вац" аьлла цара.

"Эхо Кавказа" сайто билгалдоккху, карарчу хенахь дукхахболу кистой, уггар а хьалха кегийрхой, салафизмехь хилар – исламан консервативан а, радикалан а агIонехь. Оцу йукъанна лараме дуккхаъчу наха, шайлахь къанойн Кхеташонан декъашхо а волуш, лелош ду суфийн ламастин ислам. Оцу тIехула ПIаьнгазахь кеп-кепара динца доьзна цакхетамаш нисло. Ткъа Нохчийчохь оцу йукъанна жигара даржош ду суфийн дин, ткъа салафиташ лоьцуш бу.

Алапийн тIегIанех хIоттийначу рейтингехь тIаьххьара йу Нохчийчоь

Регионашкара кегий, йаккхий гIаланашкара бахархоша оьцучу алапийн тIегIанан гайтамехула Нохчийчоь аутсайдер йу. Оцу кепара рейтинг* зорбане йаьккхина информацин РИА Новости агенталло.

Официалехь йуккъерчу барамехь 26,7 эзар сом алапа оьцуш хиларца 82-чу меттигехь нисйелла Нохчийн республика. ТIаьхьайуьссучу пхеаанна йукъахь йу иштта Къилбаседа Кавказера регионаш: ГIалгIайчоь (29,3 эзар сом), ГIебарта Балкхаройчоь (32,6), Дагестан (31,1), Кхарачой-Чергазийчоь (33,7). Рейтинган чакхенера схьа лерича йалхолгIа меттиг дIалоцу ГIалмакхойчоьно (34,1).

Нохчийчоь даим а тIаьхьа хуьлу белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, пенсеш а, хьехархойн алапаш лахара хиларна тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а, нехан таронаш цахиларехь а. Оцу йуккъехула Соьлжа-ГIалара хьаькамаша индустрин а, йохка-эцаран а министраллин рейтингехь хьалхара позицеш дIалоьцу шаьш бохуш, дечу дIахьедарша шеконаш кхуллу.

Мусаева Зарема дарбан цIийне кхачийна

Колонихь латточу нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина дестар хилла, цIеххьана бIаьрса гIелделла цуьнан. Цунах лаьцна хааме даьккхина "Iазапашна дуьхьал Командо" цуьнан адвокатана Савин Александран дIахьедарна тIетевжина. Устрада-ГIаларчу колонихь иза йолчохь хиллера адвокат.

ШолгIачу кепера инсулинах йоьзна диабет йу Мусаеван. Дукха хан йоццуш керла молханаш йаздинера цунна, хIунда аьлча, хIинццалц моьлучара гIоле цайарна. Цул совнах, дукха хан йоццуш катаракта йу а аьлла цунна.

"Цо дийцина, бIаьрса цIеххьана телхира шен. ТIаьхь-тIаьхьа са гар ледара дара цуьнан, дарбан цIийне охьайуьллучу заманчохь гIаларташ бен гуш дацара цунна. Гола а йара цуьнан чIогIа лазайаьлла. Даим а лазар теден молханаш моьлуш йиссина иза", - хаамбина Савина.

Зазадокху-бутт йуккъе баьллачу хенахь дийца даьккхира, Устрада-ГIалара колонихь йолу Мусаева Зарема лоьрийн комиссех чекх ца йоккху ши бутт а бу аьлла. Хенал а хьалха набахтера иза арайаккхийта оьшуш дара цунна лоьрех чекхйалар.

Савинна хетарехь, гергарчу хенахь комисси вовшахтоха тарло – кхело масийттаза оцу кепара дехар дахьийтинера колони а, республикера набахтийн урхалле а, прокуратурин органашка а.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
XS
SM
MD
LG