Дуьненан Зорбанан Сурт (World Press Photo) олучу фондо совгIаташ делла дуьненан массо маьIIехь болчу тоьллачу фотожурналисташна. ХIорш дIадаханчу шарахь даьхна уггар дикачарах сурташ ду.
2011-чу Шарахь Зорбанехь Арадевлла Тоьлла Сурташ
5
Козырев Юрин совгIат даьккхина сурт. Iедална дуьхьал гIевтина тIемалой, Рас Лянуф, Либи-пачхьалкх.
6
Японера Чиба Ясуйошин "Цунами Хиллачул ТIаьхьа" сери. ХIокху сурт тIехь Мацукава Чиеко гойтуш ю херцашлахь карийна долу шен йоьIан ишколера аттестат, ХIигашимацушима, Япони-пачхьалкх.
7
ГIажарийн махкахь йина йолу Данера актриса МехIрабан Мелика. Портретийн категорехь совгIат даьккхинчу суртан автор ву Посселт Ларке, Дани-пачхьалкх.
8
Мисар-пачхьалкхера демонстранташ боьлхуш, маьхьарий хьоькхуш президент Мубарак Хьоснис, ша Iедал охьадуьллур дац, бохуш, къамел динчул тIаьхьа. Италера Майоли Алекса даьккхина сурт, КъахIир, Мисар.