Карарчу денойн хиламаш бовзуьйту сурташкахь дуьненаюкъарчу агенталлаша, шайлахь Маршо Радио а йолуш. Кху аьхкенан муьран васташ иштта ду.
Дахаран болар сурташкахь

1
Товбеца-беттан 16-гIа де, Синай-ахгIайрехь, Эл-Ариш гIаларчу некъаца боьлхучуьра севцца, ламаз деш бу Мисаран салтий. Президентан даржера Мурси Мохьаммад вохийчхьана Израилан дозанехь а тIехь ирделла хьал . (AFP)

2
Iедалан ницкъаша яржийначу бIаьргех хи доккхучу газах Iалашлуш, бевдда боьлху Мисарахь вохийначу президентан Мурсин агIончаш, КъахIир, Рамзесан майда. (Reuters/Amr Abdallah Dalsh)

4
Бер керста деш, хих доккхуш ву гуьржийн мозгIар Тбилисехь. (Reuters/David Mdzinarishvili)

5
Пуджа Харчи олучу Агартала-гIаларчу ловзаршкахь стеран маIах йина зурма локхуш ву хIиндойн "садху" - "делан къайле евзарг", Трипура-штат, ХIиндойчоь. (AFP/Arindam Dey)