Оьрсийчоьнна а, маршонехьа къийсам латтийначу Нохчийчоьнна а юкъахь лаьттина тIом бирзина 20 шо хьалха. Дуьненан ШолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа Европана гина а йоцу къизалла яра хIетахь гайтинарг. Тахана а ирча масал хилла лаьтта Нохчийчоьнан истори.
Нохчийчоь тIеман кIуьрлахь
6
Нохчийн тIемалой урамашкарчу тийсадаларшкахь.
7
1995 шо Дечкен-беттан 1-ра де, бохийначу оьрсийн тIеман гIирсе, байинчу салташка хьоьжу бахархой.
8
Шен цIенна гергахь байина нах го йоккхачу стагна. ГIала йоккхуш Iаламат дукха бомбанаш йиттира оьрсийн кеманаша. Яккхийн тоьпийн эзарнаш хIоьънаш диттира Соьлж-ГIалина тIе.
9
Оьрсийн артиллерино латточу кхерамах ца къаьхкаш, шен цIенна хьалха лаьтта йоккха стаг. Дукхахболчу нохчийн аьтто бара ярташкахь тIамах лачкъа, амма Соьлж-ГIаларчу оьрсийн яцара и таро.