Эзар гергга нохчо, гIалгIа, дагестанхо воьду хIора дийнахь цIерпоштца Брестера Тересполе, дозане. ТховкIело йоьху цара Полшига. Амма массех доьзална бен ца ло. Маршо Радио оцу меттехь а хилла, кхечира Тересполерчу нохчийн митинге.
«Тхуна кхин дан хIума ца дисина». Эзарнашкахь уьду нах Кадыровн Нохчийчуьра
5
Яххьаш гайта ца лаьа нахана, цIахь хьовзам шайна хиларна кхоьруш.
6
МогIарчу Брестан бахархоша кхача а, хи а кхоьхьу мухIажиршна.
7
"Цхьана белорусех волчу депутато" шаршош еара шайна буса, дуьйцу наха.
8
Хьолан тергойо полицино а, дозанхоша а.