Оьрсийчоьнна тIаьхьа Европехь шолгIачу меттехь ю Украина уггар дукха туберкулез йолу нах хиларца. ХIора шарахь 100,000 стагана юкъахь керла 100 стаг волу и цамгар йолуш. 30 украинхо хIора денна леш ву цу цамгарх. ТIеэцначу иммунодефицитан цамгар яржарца а орца даккхал хьал цу махкахь.
Ший цамгар яржаран бахьана ду набахтешкахь а, дарбан-хIусамашкахь а ледара тIехьажаран белхаш хиларна. Тесна битина бу наркоманаш. Туберкулезца къийса гIо деш долу молханаш кIезга ду. Дархошна нийса диагноз ца хIоттайо лоьраша. ТIехула тIе, Iедалан цхьа а тидам ца хилар а ду и ши тайпа цамгар махкахь шуьйра яьржаш хиларан бахьана.
2010-чу шеран ГIуран баттахь дуьйна волавелла Украинера суртдаккхархо Дондуьк Максим Украинерчу туберкулез кхеттачу нехан суьрташ даха. Украинин малхбалехьа йолчу Донбасс-кIоштахь йолчу дарбан-хIусамехь туберкулезо вен хьовзийначу верзинчу стеган сурт даьккхира Дондуька. Цул тIаьхьа кIира даьлча и стаг велча а, цунна уллехь вара суртдаккхархо. Кхузахь ю Дондуькана дуьхьала кхеттачу нехан яьххьаш а, церан истореш а.
Туберкулезан Яххьаш

1
ХIеннадийн 42 шо дара Херсонехь Туберкулезана дарба лелочу хIусамехь суна дуьххьара гича. ТIеэцначу иммунодефицитан цамгар а яра цуьнан (HIV). Ялх шо дара цуьнан и цамгар йолу, амма иза шех муха кхетта хууш вацара. Оьрсийчура Камчаткехь чIерий лоьцучу хIурдан кеманна тIехь болх беш вара и шен нанас цIакхойкхуш. ЦIавирзинчул тIаьхьа кхин болх а ца карийна, чIогIа мала волавелира. 2011-чу шеран ГIадужу беттан 12-чу дийнахь велла ХIеннадий.

2
42 шо долу Константин а вара Херсонерчу дарбан хIусамехь. Цуьнан а яра туберкулезана тIе, тIеэцначу иммунодефицитан цамгар. Бер долуш дас джукха чIогIа етташ хиларна, шен коьртах герз а оьхна, вала гIоьртинера иза. Патарма мочхалах чекх а баьлла, аьтто бIаьрг боккхуш, висинера. Шен гIоли хиллачул тIаьхьа наркотикашка марзвелира. 25 шарахь лелийна цо уьш. Наркотикаш яржорна набатехь хан а яьккхина. Туберкулез а кхетта, схьагарехь, набахтехь. 4 баттахь дарба лелийра цунна дарбан хIусамехь. нанас дела денна юург кхехьара цига. 2011-чу шеран Марсхьокху-беттан 24-чу дийнахь кхелхина.

3
2011-чу шеран Марсхьокху-баттахь Новозбуривка дарбан-хIусаман дархо вара 71 шо долу Васыл. Лоьро дийцарехь, цуьнан маьнга уьйтlа баккха дезнера, цуьнга шен аравахарна дола ца дадаларна. Гуттар мотт башабо цо. Цуьнан къамел лортlехь дац. Ша балхахь ву моьттуш ву и. Гергарчара цуьнан петарна чуьра ара а ваьккхина, дарбан цlийне хьажийна. Цхьа зуда йогlу баттахь цкъа яахlума а йохьуш, цунна тlаьхьа. Аса мел хаттарш дича, ша цуьнан хlумма а яц бохуш чlагlдира цо.

4
54 шо долу Мыкола Новороицкера Туберкулезана Дарба лелочу хlусамехь вара 2011-чу шеран Товбецан баттахь. Трактор лелорхо болх бина ву и. Туберкулезо дегl лаьцна, леш lуьллучу шен лулахочунна кхаа баттахь дола дина цо. Иштта тlе яьлла цунна туберкулез. Цхьа кlеззиг догlучу пенсех тоам беш lаш ву и. Мыколин ши кlант тlаьхьавогlу цунна юкъ-кара.