Цул хьалха Оьрсийчоьнан а, Евразин а гIуллакхушкахула долчу декъан директор белх беш вара иза Обама Баракан администрацехь.Маршо Радион корреспонденто Коалсон Роберта къамел дира Макфолан сацамах лаьцна 90-чу шерашкахь Оьрсийчохь векал хиллачу Пикеринг Томасца.
Маршо Радио: Муха мах хадор бара ахьа векало Макфола Москох даьккхинчу шина шеран?
Пикеринг Томас : "Макфол ша тайпа, вуно лараме векал ву. Цо дуккха а агIора шен зеделларг деара ша Москох векал санна болх беш волуш Iамеркан къхерамазаллин кхеташоне. Цо онда Iаткъам бора Цхьаьнатоьхначу Штаташна мехала долчу хаттаршна.
Оьрсийчура бахархошна церан Iедалш дуьйцург бахьана долуш дарба лела дора цо. Цу Iедалша цхьа низамаш дохош хилча, я дуьненаюкъарчу норманашна уьш дуьхьал бевлча шена хетарг олура цо. Иза Оьрсийчоьнан Iедалш цадезар дацара.
Амма цо олучо онда тIеIаткъам бора Оьрсийчохь а, Цхьанатоьхначу Штаташкахь а. Цуьнан кIорга зеделларг дара герзаш дIадохуш хиллачу дийцаршкахь. Цуьнан уллера юкъаметтигаш ю президентаца Обамица.
Ткъа Обама баккъалла а тешаш вара векалах Макфолах иза озабезам а боцуш, вуно шуьйра хьажар долуш, хьекъале хьехам бан таро йолуш а волун дела».
Маршо Радио: Макфол дипломатан дешна воцуш а, цу агIор къезиг зеделларг долуш веара Москох. Иза хIумма а дарий?
Пикеринг Томас : «Суна хетарехь, нийса хир дац цо хьалха Къоман кхерамазаллин кхеташонехь бина болх дипломатан болх бацара аьлча. Иза Оьрсийчоьнан а, Iамеркан а дипломатийн юкъаметтигашна юкъахь вара, лаххара 4 шо сов хенахь, ша векал санна Москох вахийтале.
Цундела хир дара иза гIалате. Иза еххачу хенахь Оьрсийчохь Iийна а ву, Iамеркан университетехь Оьрсийчоьнах лаьцна лекцеш ешна а ву. Цо а гIо дира цунна векал волуш. Наха сих-сиха хоьтта иза, хIунда аьлча, цхьадолчу хаттаршкахь иза иза нисса дIа а вара шен нахана хьалха вист хиларехь а, ша саготта хилар дуьйцуш а вара, мича йоьдуш ю Оьрсийчоь бохучух, ткъа иштта Оьрсийчоьно цхьацца хаттаршкахула лелочу политикех а, шена юкъахь цу махкара бахархошна дарба лахарца доьзна хаттар а долуш.
Ткъа и хаттарш ду дипломатийн чулацам болуш хетарш. Амма дукхачу хьолехь цу хаттарша дIахьош ю Цхьаьнатоьхначу Штатий политика.
Маршо Радио: Юкъа-кара Макфол хьийза вора Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша а, юкъараллин жигархоша а.
Иза доьзна дара аьлла хетий хьуна Оьрсийчоьнан Iедалийн лаамца? Хьо цецваьллерий иза лелош, муха ларийира иза цу хьлаца»?
Пикеринг Томас : «Вара, со цецваьлла вара Суна иза оьшуш доцуш а хетара, эхь доцуш лелош хIума а хетара. Векал хьийзо оьшуш дац иза тIеэцначу Iедалша, я хьийза вайта оьшуш дац нахе хьошаллгIа дечу пачхьалкхо, шена хала хетта аьлла иза емал войтуш, я кхечу ницкъаллин тактиках а пайда эца ца беза цара векалан декхаршна а, цуьнан миссина а дуьхьало еш».