20 бIаьшарехь тоьллачех леринчу суртдиллархойн сурташ карийна Женевехь йолчу, Узбекистанан президентан Каримов исламан йоккхах йолчу йоьIан Каримова Гулнарин доларчу хIусаман беданахь. Сурташ дита мегар доцчу, тIуьначу хьелашкахь латтош ду. Царах цхьадерш, Ташкентера пачхьалкхан исбаьхьаллин музейн долахь хилла ду, Каримовас шена дIадаххьалц.
Женеверчу беданара узбекийн хазна

1
Узбекистанера Резников Леван "Гранат" сурт. Резниковс и сурт Ташкентера пачхьалкхан исбаьхьаллин музейна доьхкинера 1990 шарахь, иза кхин цхьаннена а дохка йиш йоцуш барт а бина.

2
Резниковн куьгйоза ду суртана тIехьа.

3
Каримова Гулнарин Женеверчу хIусаман беданахь карийна дукхах долу сурташ, телатана юкъа хьарчийна, тIуьначу хьелашкахь латтош ду.

4
"Зудчуьнан портрет", 1960 шарахь диллина ду Уфимцев Виктора (1899-1964).
Шуна хетарг
Гайта комментареш