15 шо хьалха, ГIадужу-беттан 21-чу дийнахь, Нохчийчу бомбанаш а, ракеташ а етташ тIом марса болучу хенахь Москох лецира Нохчийчоьнан Оьрсийчохь векал волу Вачагаев Майрбек. Иза лацар ша-тайпа хаам бара Оьрсийчоьнан Iедалш бина, кхин дIа хьалха хилла юкъаметтигаш Нохчийчоьнца лело дагахь ша ца хиларан. Официалан кепара Вачагаевна бехке диллинарг дара бакъо йоцуш герз лелор. Вачагаев Майрбека дуьйцу.