ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кинотеатрийн долахоша шаьш-шайна цензура ян еза аьлла хета Дагестанан Iедална


"Матильда" кино гойтуш яьккхина скриншот.
"Матильда" кино гойтуш яьккхина скриншот.

Юкъараллан оьздангаллин орамаш талхош йолу кинош ма гайтахьара аьлла, кхайкхам бина Дагестанан Iедало махкарчу кинотеатрийн долахошка.

Абдурахманов Мохьмад Дагестанан Iедалехь дешан маршонехула а, динца йоьзначу вовшахтохараллашца юкъаметтигаш лелорехула а йолчу комитетан гIантда ву. Кху деношкахь республикерчу кинотеатрийн долахошка кхайкхам бина цо, «юкъараллан оьздангаллин орамаш талхош йолу кинош" ма гайтахьара аьлла.

"Дагестанехь йолчу кинотеатрийн дайшна тIехь доккха жоьпалла ду, кегийрхошна мехала хетарг кхиорехь, цундела цара цхьа этикан кодекс кхоьллича дика хир дара", - аьлла хета цунна.

Иза дуьххьара дехар дац кино гойтучу нахе Дагестанерчу Iедалша динарг. Цу кеппара дехарш дина цаьрга республикерчу муфтиятан векалша а.

Стохка исламан юкъаралло а, кегийрхойн вовшахтохараллаша а Iаткъам бар бахьана долуш, Дагестанехь гойтучуьра сацийра «Сирачу бесан 50 амат» цIе йолу филм. Кху шарахь дукхахйолу кинотетраш реза ца хилира цуьнан шолгIа дакъа гайта.

Дагестанера муфтиятан рогIера синтем байинарг яра «Матильда» цIе йолу филм. Цу кинохь дуьйцуш ду оьрсийн паччахьан Николай ШолгIачуьнан балерине Кшесинская Матильде хиллачу безамах лаьцна.

«Кавказ.Реалии» портало дийцарехь, Дагестанерчу кинотеатрийн долахой дагахь бу, и кино гайта. Уьш цецбевлла Iедалан комитетан гIандас Абдурахмановс, шайга иза ма гайта аьлла дехар дарна а.

Киногайтархоша дийцарехь, филм хоржуш цара ладугIу Оьрсийчоьнан културан министраллана хетачуьнга. Цара латкъамаш бо, диндайша а, Iедалан векалша а деш долу дехарш кхочуш дича, шайн болх дIа ца боьду, рицкъ даккха аьтто ца хуьлу, бохуш. "И ловзарш стенна ду бохучунна, шаьш тIаьхьакхууьш дац" боху цара.

Юкъаралло цхьатерра тIе ца оьцу Iедало кинотеатрийн долахошка, шайна цензура яхьара бохуш, дехарш дар.

Масала, islamdag.ru интернетан порталан редактор Гаджиев Iабдулхьамид тешна ву, кинотеатрийн дайша Дагестанан Iедалша бина кхайкхам тидаме оьцур бу аьлла.

«Нагахь цара, адаман сакхташка кхуьйкхучу филмийн меттан дикане а, адамалле а, даймахке безам хиларе а кхуьйкху кинош гайтахь, дика хир ду царна шайна а, юкъараллана а» - элира шайна еллачу интервьюхь Гаджиевс бохуш, хаам бо «Кавказ.Реалии» портало.

«Цхьа а чулацам боцу а, цхьаъ алархьамма аьлла бина кхайкхам бу кино гойтучу нахе бинарг аьлла хета «Даптар» интернетан сайтан куьйгалхочунна Анохина Светланина.

"Кхузах юьйцуш, хIара ю аьлла, билгалъяьккхина цхьа а кино яц. Дуьйцург ду, кинотеатрийн долахоша шаьш шайна цензура ян еза бохург, хIунда аьлча, царна тIехь ду кегийрхой кхиоран декхар. Уьш кинотеатрийн долахой бен ма бац. Уьш мачаш а, книжкаш а юхкуш болу нах санна бу, цара жоп лойла дац, цу книжкашна тIехь яздиначух», - боху Анохинас.

Гереев Руслан Къилбаседа Кавказера исламан талларан центран директор ву. Цунна хетарехь, кино гайтарца йоьзна проблема хилла яьлла. Кинотеатрийн долахочо шаьш хоржу кино. Вукха агIор, рынок ю. Цара кино гойту, нахана ган лууш йоллу.

«Суна цензурех жоп луш йолу орган хила еза аьлла хета. Цензура ца хиларан жамI ду вайн кегийрхошна доцург коьртачу дуьллуш хилар. Амма иза деккъа дехкарш деш йолу орган хилийта мегар дац», - боху Гереевс.

Хууш ма хиллара, Оьрсийчоьнан Федерацехь цензура официалан кепара йихкина ю. Цундела цкъачунна хууш дац, цензура оьшуш ю бохуш, кхайкхамаш бар, муха тIеоьцур ду Iедалан органаша.

XS
SM
MD
LG