5 шо хьалха, 2008-чу шарахь Марсхьокху-беттан 7-чу дийнахь, Гуьржийчоьнан тIеман ницкъаш гIоьртира махках дIакъаьстина йолу Къилба ХIирийчоь юхаерзо. И дов сихха дирзира Оьрсийн а, Гуьржийн а тIаме. Цу тIамехь байира бIенаш нах, цо махках бехира эзарнаш бахархой, йохийра ярташ а, гIаланаш а.
Оьрсийн-гуьржийн тIеман сурташ

1
Гори-гIалахь Оьрсийчоьнан кеманаш бомбанаш тоьхна.

2
ТIом балале цхьа бутт хьалха, Товбеца-беттан 8-чу дийнахь, Европехь Кхерамазаллехула а, Цхьаьнакъехьегаран а организацин декъашхой хилира Гуьржийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а дозанехь.

3
Гуьржийн салти ву хIирийн Иргнети эвлана йистехь Марсхьокъу-беттан 5-чу дийнахь.

4
Марсхьокху-беттан 6-гIа де. Оьрсийчоьнан Гуьржийчура векал Коваленко Вячеслав цхьаьнакхетта гуьржийн Къилба ХIирийчохь болчу машарбархойн командирца Курашвили Мамукаца.