5 шо хьалха, 2008-чу шарахь Марсхьокху-беттан 7-чу дийнахь, Гуьржийчоьнан тIеман ницкъаш гIоьртира махках дIакъаьстина йолу Къилба ХIирийчоь юхаерзо. И дов сихха дирзира Оьрсийн а, Гуьржийн а тIаме. Цу тIамехь байира бIенаш нах, цо махках бехира эзарнаш бахархой, йохийра ярташ а, гIаланаш а.
Оьрсийн-гуьржийн тIеман сурташ

5
Цхинвалина тIе ракеташ етташ бу гуьржийн ницкъаш.

6
Къилба ХIирийчоьнан тIемало тIом бан меттиг дIалоцуш ву Марсхьокъу-беттан 8-чу дийнахь.

7
Цхинвалина гонахарчу ярташкара дIабоьлхуш бу гуьржий.

8
Гори. Чевнаш хиллачу гуьржийн эскархочунна гIо деш бу полисхой.