ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машенийн новкъа танк хIунда иккхина Лахарчу Тагилехь?


Оьрсийчоь - Лахарчу Тагилехь машенийн некъ хадош ю танк
Оьрсийчоь - Лахарчу Тагилехь машенийн некъ хадош ю танк

Youtube тIехь хIокху деношкахь уггар дукха хьовсучех ю, Оьрсийчохь аьрха машен хохкуш а, ирча некъан бохамаш а тIехь йолчу видеон кочарийн. Некъан тIехь дерг дIаяздеш, машенна хьалха хIоттийначу камеро яьккхина ю хIара тIаьххьарниг. Оьрсийн некъаш боккъалла а тIом боьду аьлла хоьтуьйтуш.

Оьрсийчоьнан юккъерчу Лахара Тагилехь эвсара машенаш лела урам бу хIара, шина агIора жигара машенаш дIа-схьа а лелаш. ЦIеххьаша, стенгара йолу ца хууш, лайн оьланашна тIехьара, хахкаелла йогIу танк, кхин лагI ца луш, некъ хадабой, дIатуьлу.



Хахкаелла йогIучу танкана хьалха дIаэккха кхиина масех машен, масех метр бен юкъахь ца юьтуш. Аьлча а, гIагI-диллина боккха гIирс саца дагахь а бацара.

Ма-дарра долу сурт оццу кхераме а ца хилла. ХIокху дуьнентIехь уггар а йоккха йолчех, танкаш еш йолу Уралвагонзавод Лахарчу Тагилехь туп тоьхна ю.

Заводан зорбан-сервисо НТВ телевизионе дийцина, некъийн бакъонаш йоха ца йина танко, бохуш. Гуш ду, видео йоккхуш йолу машен семафорана уллехь, цIечу сигналана сецна юйла. Ткъа цул а хьалха тIех лилхинчу машенаша, варе деш болу цIе бос тергал а ца бина.

Цул сов, шоссен тIехь танкаша некъ хадо йиш йолу меттиг, билггал оцу меттигехь ю аьлла Уралвагонзаводехь.

ХIара авари Нохчийчохь хилла, некъ галморзе болучехь.



2011-чу шарахь Стигалкъекъа беттан 14-чу дийнахь хилла бу бохам. Оцу Делан минотехь тIехьаьдда, уллехь мел нисвелларг. Нах оццул маса орцах ца бовлахьара, беллачерийн терахьаш дуккхаа лакхара хир дара.
XS
SM
MD
LG