Къилбаседа Кавказан кIоштарчу тIеман кхело 3 шо хан тоьхна Газиев Шемална, цо шена Нохчийчуьра Шема тIомбан ваха луучу вевзачунна 20000 сом даларна. Кху шеран 30-чу дийнахь Газиевна дуьхьал долийнера бехктакхаман гIуллакх.
Кхело къастийнера цо и ахча 2014-чу шарахь гезгмашан баттахь делла хилар. Цо бехк тIелацарна а, жигара талламца цхьаьнаболхбарна а, цунна 3 хан тоьхна, хаамбо Нохчийчоьнан прокуратураллин агIоно.