ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев Ахьмад: Цхьана стага зулам дарна жоьпаллехь дац дерриг къам


Британи -- Ичкерин премьер-министр Закаев Ахьмад дакъалоцуш ву Оьрсийчоьнан Iедалан векалшца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа хиллачу зорбан конференцехь, Лондон, 12Марс2009
Британи -- Ичкерин премьер-министр Закаев Ахьмад дакъалоцуш ву Оьрсийчоьнан Iедалан векалшца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа хиллачу зорбан конференцехь, Лондон, 12Марс2009

Iамеркан низамашлардон сервисаш таллам дIахьош ю Бостонехь динчу терроран тIелатаран. И зулам дарна бехке лоруш ву ши ваша ЦарнаевгIар Тамерлан а, ЖовхIар а. Тамерлан, хууш ма хилара, вийна, ЖовхIар лацна ву.

Полицино а, къайлахчу сервисаша а толлуш ду 26 шо долчу Царнаев Тамерлана тIаьхьарчу эха шарахь лелийнарг. Цуьнан гергарчара дийцарехь, цо масийтта бут баьккхина Оьрсийчохь - Москох а, Дагестанехь а, Нохчийчохь а.

Бостонехь эккхийтар дале цу стаганна тIе тидам бахийтина хилла Оьрсийчоьнан а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн а лерринчу сервисаша. Цундела цу хиламанна гонаха дуккха а хаттарш ду бохуш, дуьйцу Лондонехь эмиграцехь вехачу нохчийн политико, йозуш йоцу нохчийн пачхьалкх хIоттор идея дIахьош волчу Ичкерин Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада.

Цунна хетарехь, ЦарнаевгIара, я кхечу вайнехан къомах волчу стага вониг дича цунна жоьпаллехь дац нохчийн къам. Бехкал бахана лела ца оьшу бах цо цIера, я нийсо йолчу мехкашкахь шайн дахар дIанисдеш бохку вайнехан кегийрахой.

Кхунах тера

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG