Шемарчу Думехь дIатарйеш ю Оьрсийчоьнан тIеман полици
Шемарчу гIаттамхойн тIеман тоба а, церан доьзалш а арабовлуш бара Думара Охан-беттан 12-чу дийнахь Ал-Вафидден олучу чекхболуьйтучу меттигехь, Оьрсийчоьнан тIеман полицин дакъош цу гIала чудаха кечделла а долуш. ТIемалой арабовларх лаьцна барт бинера Джейш ал-Ислам (Jaish al-Islam) тобанца Думахь дIаьвшен тIелатар динчул тIаьхьа масийтта сахьт даьлча. Шеман а, Оьрсийчоьнан а Iедалша тIе ца оьцу цу гIалахь дIаьвшен тIелатар дина бохург. (Reuters видео)