Политковская ГIуллакх Хьокъехь ДIахьуш Болу Таллам КIажабухе Кхаьчна

Оьрсийчоь -- Мусаев Мурад, адвокат, 20Чил2009

Оьрсийн инарла прокуратуро бечу хаамца, "Новая газетин" журналист Политковская Анна ер толлуш йолу талламан тоба йистах яьккхина оцу гIуллакхана. Таллам кIажабухе кхаьчна. И гIуллакх теллина а даьлла, цунна бехке берш лаьцна а бу, царна урхалла деш, арахьа вехаш волу стаг а ву аьлла, дIадаханчу кIирнах оьрсийн инарла прокуроро Чайка Юрийс дина дIахьедар, цхьа а бух боцуш хилла.

Керлачу талламан тобан белхан хьалхарчу дийнахь кхело бакъо елла, оцу гIуллакхца уьйр хиларехь шеко йолу УФСБен подполковник Рягузов кхин цкъа а лаца. Хьалхуо лаца а лаьцна, юха дIахецна вара иза. Бакъду, Политковская Аннин гIуллакхца доьзна дац боху, Рягузов лацар.
Оьрсийн зорбан гIирсаша бечу хаамца, оьрсийн прокуроро Чайка Юрийс, инарла прокуратурехь къаьсттина ладаме гIулалкхаш толлучу урхаллин хьаким волчура дIаваьккхина, Иванов Сергей. Цуьанн метта хIоттийна, дийцарехь, цуьнан гIовс майоров Андрей. Талламан тобина куьйгалла дечу вохийна Гарибян Сергей а.
Уьш дIабахаран билггал долу бахьана ца дуьйцу инарла прокуратуро.
Адвокатийн карахь а яц хIинца а, керлачу талламан тобанех лаьцна информаци. Делахь а, хиллачул кхин вуо уьш ца хиларх догдоху шаьш бохуш дийцира Маршо радиога, Поликовская ерехь шеко тIехь лаьттачу вежарийн, МахмудовгIеран адвокато.

Мусаев Мурад: Деллахь, кхин дика хир ду-дац ца хаьа суна. Цара вуо ца дарна са-м тесна оха. Цкъачунна берашна тIехь цара лелош ерг цIена харцо ю. Царна еш ерг гIело а ю. Цхьацца юьстах а воккхуш, масийтта Iедалан белхахо хьалха а волуш, царна юкъахь генералаш (инарлаш) а болуш, ницкъа а бу царна беш. Муьшка йо цара уггар аттачехь. Дикка хIума а туху цара. Лаахь ца лаахь и бехк хьайна тIе лаца, министре кехат язде "бехк хьай бара, айхьа йийнера" ала бохуш хIораннега. ХIинца лаахь-ца-лаахь и бехк тIелаца, аша тIе ца лаьцча йиш яц бохуш, царна чугIерташ бу-кха уьш.

Маршо радио: ТIехьа МартантIера схьабевлла Тамерлан а, Джабраил а, ИбрехIим а МахмудовгIара гIарабевлира, оьрсийн инарла прокуроро Чайка Юрийс дIадаханчу кIирнах ткъе ворхIалгIачу августехь Политковская йийнарш кара а бина, уьш цхьайтта стаг а ву аьлла, дIахьедар динчул тIаьхьа. Ткъа МахмудовгIар – оцу зуламна куьйгалла динарш а, Политковская йийнарш а санна лоруш бу. Лаьцна болу, Москох гIалин Чоьхьарчу ГIуллакхийн Урхаллин белхахой – журналист дIасалеларца йоьзна информаци гулъеш гIо динарш санна лору, талламо.
Схьагарехь, доккхачу дозаллица Чайка Юрийс дина дIахьедар, бух боцуш хилар гучудаьллачул тIаьхьа, хIуъа дина а, нохчашка тIелацийта хьовсур бу талламхой боху вежарийн адвокато Мусаевс. Зулам тIелацийта гIерташ, талламан белхахоша лелорг, керла хIума дац.

Мусаев: Етта-кх цара царна. I-го сентября в День Знаний ( Гезгмашан беттан Iчу дийнахь, Хаарийн Дийнахь ) чу а баьхкина, 6гIа этаж тIе ГУВД города Москвы олучехь масийтта стаг вовшах а кхетта - опертивникаш а, чохь генерал а волуш, бухара, ГУВДен генерал а волуш - лаахь-ца-лаахь схьадийца бохуш, цкъа муьшканаш йина - тIара Iуттуш, мийра Iуттуш. Ткъа юха, цо и харцо тIе ца лаьцча, хIара дIа а хIоттийна, тIехьа, букъ тIе - доIхех хIума йиттина цара цунна.

Маршо радио: Цул сов, и вежарий, оьрсийн маттахь арадолучу "Форбс" журналан коьрта редактор Хлебников Пол верна бехке бу а элира оьрсийн инарла прокуроро. Амма, адвокато Мусаевс чIагIдарехь, оцу гIуллакхехь уьш бехке бойла хIете-вете а дац. И гIуллакх толлуш, къастоза нах бисина боцун дера. Цул сов, лазанская олучу, зуламийн тобан декъашхой а хуьлийла дац. Уьш массо а бераш хилла дезкъте итталгIачу шерашкахь.

Адвокатана Мусаев Мурадана хетарехь, къомах нохчий хилар а тоьа оьрсийн талламхошна, стагана зуламхо ву а аьлла, муьлххачу а зуламехь бехке ван. Иштта, и вежарий Москох лаьцна аьллачул тIаьхьа, эргIадбахана бу, Нохчийчура бахархой. Маршо радиоца къамел деш шайна хетарг иштта довзийтира цара:

Зуда: ХIинца долийнарг хIун ду? И ерна куьгбехке бу аьлла, масийтта нохчо лаьцна Москох. ХIай нах, хIун аьлла юьйш ю иза? Тхайна гIо до аьлла юьйш ю я шайх дог лозу аьлла юьйш ю иза? Хабар ду-кха.

Стаг: Iедалан къайленаш цо гучуяха йолийча, цара (Iедалша) иза дIаяьккхина. Бехке доцу нохчийн бераш схьа а лаьцна, уьш хьийзош-м бу уьш хIинца. И цара тIелоцуьйтур ду.

Стаг: ХIокху Россиян хIун Iедал ду? Шайна новкъа верг шаьш дIаваьккхича, тоттий, ша дерриг а, нохчийн коча дохуьйту. Нохчашна коча Iуьттуш ду и хIокху сохьта а.

Политковская гIуллакх хьокъехь дIахьуш болу таллам, кIажабухе кхаьчна. Гена мел долу а, йоккхачу гIовгIанца духуш ду иза. Схьагарехь, цунна бехке могIарера талламхой хир бу. Ткъа ша, инарла прокурор Чайка Юрий, хIун дан дагахь ву хIинца? Дерриг дуьне а лерг диллина ладоьгIуш Iаш долу, политикан гIуллакх кхиамца теллина а аьлла, турпал хилира иза цхьана денна. Цуьнга и чекх са гуш болу толам хилийта беш-м бац те, МахмудогIарна тIехь ницкъ?