Талхигов ЦIавирзина, Кхин а Эзарнаш Нохчийн Тутмакхийн РагI ТIе Ца Кхочу

Нохчийчоь -- Талхигов Заурбек набахтера цIавирзинчу деношкахь, Шела,20Сти2011

Ичкерин президенто Масхадов Аслана Оьрсийчоьне кхийдош машаран некъ а болуш, иза схьаэца бохуш, дуьненаюкъаралло Кремлана беш тIеIаткъам а болуш, 2002-чу шарахь Москох, Дубровкера театр закъалтана лецира нохчийн тIемалойн тобано. Церан куьйгаллехь хиллачу Бараев Мовсара хаамийн гIирсашкахула кхайкхам бира оьрсашка, урамашка ара а довлий, шайн Iедале Нохчийчура тIом сацабайта, аьлла. ХIетахь Оьрсийн ДУМин депутат хиллачу Аслаханов Асламбека а бира кхайкхам, закъалтехь болчу нехан метта чубаха кийча болчу нохчашка. Орцахваьллачу жимчу стагана Талхигов Заурбекна 8 шой, ах шой хан туьйхира. Цхьа де буха ца дуьсуш, хан текхна а ваьлла, бутт хьалха цIавирзина иза. Цу муьрехь, бехк буй-бацйи ца къастош, хеццна чубоьхкира, эзарнаш нохчийн кIентий. Уьш хIинца а бала хьоьгуш бу оьрсийн набахтешкахь.

ПрахIа -- Данин коьртачу гIалахь КопенхIагенехь Дерриг Дуьненан Нохчийн Конгресс дIаяхьа Iалашонца Европехь вовшахбетталуш Ичкерин векалш а, дуьненахь дош лела, Нохчийчура тIом емал беш болу политикаш-жигархой а, бакъонашларъярхой, журналисташ а болуш, стигал йоькъу стелахаьштиг санна баьржира, Москохарчу Дубровкехь театр закъалтана лаьцна, аьлла.

Цу хенахь, мелла а дегйовхо яра, машаре дагадовларш дича, къизаллаш совцалург хиларна. Цу хенахь, вовше тешам бара нохчийн. Къоман цIе вуо яккхар халахетарца тIеэцара. Цхьа а доьзал ца биснера, цу бохам банза – Нохчийчохь, хецна хи санна, дIа а луьйцуш, ехха хенаш такха набахтешка хьовсабора эзарнаш. Иттаннаш эзарнашкахь бойуш бара. Iеночуьра цIий сацон лаам боккха бара.

Норд-Ост мюзикл йоьдуш а йолуш, Бараев Мовсар куьйгаллехь хиллачу тIемалойн тобано театр закъалтана лацар, ма дарра аьлча, теллина дац. Шен ма-хуьллу, цунна новкъарло йо Оьрсийчура Iедалш.
Ткъа девзаш долу сурт иштта ду. ХIетахь оьрсийн пачхьалкхан ДУМин депутат хиллачу Аслаханов Асламбека кхайкхам бира нохчашка, массо а схьагулло, закъалтхошца хийцалур ду вай, аьлла. 25 шо долу Талхигов Заурбек Петарбухера Москох вахара.

Талхигов: Цо (Аслаханов Асламбека) кхайкхам бинчу хенахь, театр лаьцначу буса со Петарбухе вара. Сатоссучу хенахь бара цIерпошт. Цу тIехь со Москох дIакхечира. Цигара аса телефон туьйхира (Аслахановн) секретариате. Со веана ву, Асланбекана тIе стенга ваха веза со, аьлла хаьттира аса. Цо (секретаро) Асланбекан телефон елира соьга. Юха цуьнга дIа а тоьхна, со хIара, хIара ву, со тIевогIур вара, дан дезаш долу накъосталла дийр дара аса, элира аса. Цо кольцо оцепления тIевола, тIевеъча, хаийта, элира. Со цига дIакхаьчча, дIаетташ йолу телефон схьаоьцуш стаг вацара.
Асланбека соьга цхьа кехат делира чохь долчу берийн номерш тIехь йолу. "Хьайн дIакхетачуьнга дIатоха, далург де" аьлла. Цхьа а контакт яцара церан. Уьш (тIемалой) хIун аьлла арабевлла бу хууш дацара цхьаннена а

ДIа-схьа лелаш, цигахь суна арахьара журналисташ бевзира Голландера а, кхеченхьара а. Цара суна тIе цхьа стаг валийра, цу чохь цуьнан зуда а, бер а ду, аьлла. Жиров вар-кх иза, Олег. Аса тIаккха, цхьа хIума а дац, бераш а, зударий а байа баьхкина бац и нах, цхьа хIума арадаьккхина лелаш бу. Царга ла ца доьгIча хуур дац, цара хIун боху, элира. Са ма гатде, элира аса. Эшахь, (закъалтахойн метта) чудаха а, хийцадала а схьадаьхкина ду тхо, нохчий, элира аса. Юха, соьца связаться дира цхьана оьрсийчо. Иштта, оьрси ву ша, сотрудник ву ша, мичахь ву хьо, аьлла? Аса со волу меттиг йийцира. Цо со тIе а веана, чувигира. Асланбекана тIекхачийра. Асланбека соьга цхьа кехат делира чохь (театрехь) долчу берийн номерш тIехь йолу. "Хьайн дIакхетачуьнга дIатоха, далург де" аьлла. Цхьа а контакт яцара церан. Уьш (тIемалой) хIун аьлла арабевлла бу хууш дацара цхьаннена а.

Телефон дIакхаьччи, со цхьанге а, шинне а вистхили. Цу чохь волчу Мовсаре (Бараевга) вистхила лаар суна, аьлчи, цара телефон Мовсаре дIа а кховдийна, со вистхилира. Аса элира, аша шаьш арабаьккхина некъ хIун некъ бу а, кхин дерг а хаийтичи, хIоккхузахь дийца а, лелон а атта хир дара, элира ас. Цхьаъ и ду. ШолгIа, зударий а, бераш а, аш мелла а, цу чуьра (театрера) паргIатбаьхчи, тхуна а юьхькIам бара иза. Шуна а, арабаьккхина некъ лелон атта а хир дара, аьлла.

"Шаьш арабаьккхина некъ, чохь (Нохчийчохь) болу тIом сацабе, за стол переговоров ховша, кхин шаьш бохуш хIумма а дац" элира (Бараевс). "(ТIом) сацабахь, низам хилахь, шаьш цигара дIагIур ду", элира. "Ца хуьлий, шайна тIера докъан ламазаш а дина, лийр ду. Шаьш дала даьхкина ду. Шаьш а ду, шайца зударий а бу" элира. Аса элира, соьга хIара номер елларг Асланбек ву... со вовза лууш бара уьш - мичара вуй, хIун дуй, бохуш хиттира. Со тIекхайкхина, тIевеана ву элира аса.

Асланбек Iедалан белхахо а ву, шу цуьнга дистхилча, цуьнца аш къамел дича, аша бохуш долу цхьадолу вопросаш решить далур дара аьлчи, цара иза тергал а ца вира. "Цхьа Асланбек а ца оьшу, оха дуьйцуш долу хIума цуьнга къаста а лур дац. Цуьнан карахь дац, шаьш арабаьккхина некъ къастор" элира цара. "Чохь (театрехь) болчу нахе телефонаш дIасайоькъур ю, цара шайн цIахь болчарга а, массарга а телефонаш дIаса а тоьхна, тIом сацон уьш арабохур бу тIом сацабе аьлла", бохура. Цара иза дан а дира. Напряженный къамел а дацара иза, нормально, хаза дистхилира тхо.

Аса элира, (театр чохь) съемка а йина, хIума дича, чIогIа дика хир дара. Иза дан чувахийта иностранец везара, цара оьрсий воуьйтур вацара. Юха ас цигахь, Марк Франкетти бохуш ву иза, цу хенахь журналист вара иза, хIинца Санди Таймс шеф-редактор ву иза, цуьнца познакомиться а дина, цуьнга эли аса, иштта, чугIур варий хьо, аьлла? Цо ша гIур вара, амма ша яздеш волу журналист ву, элира. Аса элира тIаккха, ахь камера яьхьча дIа а язъдийр дара ахьа. Цуо тIаккха НТВ-ца договориться а дина, царгара камера яьккхира. Дукха подробносташ суна дага ца йогIу хьуна. Со схьалоцуш (ФСБено) сок (дIоьвше хилла) малийна, лаьцна ма вай. Дукха пробелаш ю сан.

Маршо радио: Штабан хьаьким хиллачу Ястержембский Сергейс а дехарш динера Заурбеке, далун накъосталла дахьара аьлла.

Талхигов: Ястржембский, пхьарс тIера а лаьцна, чIогIа, "хьайга далуш дерг дахьара ахь" бохуш - Сергей Владимирович вара цигахь начальник штаба - до последнего кольца тIе а вигина, юха и накъост (Франкетти) неIарна (театран) тIекхаччалц, дIа а вигина, холл чохь мохь а биттина, "хIара тIевоуьйтуш ву шуна, тIевоуьйтий"? Юха цара (тIемалоша) тIеваийта аьлла, иза дIа а хаьжийна, ара а ваьлла, схьа а веана, чу а вахана со оцу здани (штабан) чу. Къайлаха лелла ма ваций со.

Маршо радио: Кхузахь дагадаийта деза, театрана штурм яле хьалха цу чуьра араваьллачу, лелар а, дахар а шеконе хиллачу Теркибаев Ханпашас дозаллаш дора, шен Ястржембский Сергейца хиллачу юкъаметтигех. Теркибаевца къамел динчул тIаьхьа, цецъяларца яздира цунах лаьцна "Новая газетин" журналисто Политковская Аннас. Дукха хан а ялале, тамашийначу хьелашкахь, некъан бохамехь велира Теркибаев Нохчийчохь.
Даггара гIо дан араваьлла хилла Талхигов, вуно атта караеана ижу хилира оьрсийн Къайлахчу Ницкъашна. Театрна чу а иза ца вахийтира.

Талхигов: ШолгIачу дийнан Iуьйранна а, Украинин Радин депутат вара иза Беспалов Олег Павлович, бохуш, изий, английский консул вара я цуьнан зам. вара, дага ца догIу суна, сой, виалгIаниг дага ца вогIу суна, тхо тIе хIун йоьхна хир ду аьлла барт а бина, Iуьйранна чудаха дезаш дара. Цхьацца иностранный заложникаш бара цара схьалуш. Цу Iуьйранна иттаза веара суна тIе цхьа стаг. Цхьаъ вогIу, кхин верг вогIу, оьрсий бара уьш. Цхьа фотографеш хьажа везара, чувагIахьара хьо штаб чу, олу. ЧувагIахьара хьо, чувагIажара хьо... Ас эли "йиш яц сан". Юха Асланбеке телефон тоьхна эли ас, иштта, и боху цара аьлчи, цо эли, чугIохьа, цхьана сурташка хьажа боху хир ду хьуна. ЧугIохьа, хIумма а дац, эли цо. Минус сан хIун ду хьуна аьлчи, аса журналисташка со юьхь тIера снимать ма ве аьллера.

Маршо радио: Прокуроро 14 шо дийхира Талхигов Заурбекана. Кхелахочо цунна кхайкхийнарг 8 шой ах шой дара.
Ша бинчу кхайкхамна орцах а ваьлла, театрна улле веана хиллачу жимчу стагана тIехь кхел еш, цкъа а кхеле ца вахара депутат Аслаханов. Я цуьнан доьзалца зIене а ца велира.

Дуьххьара дIа дуьйна, Талхигов Заурбекана гIо лецира Оьрсийчура "Гражданское содействие" олучу бакъонашларъяран организацино а, къаьсттина, цуьнан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас а. Набахтера араваьлча, цIавахале, Москох вахара Заурбек, шен дахарехь оццул доккха дакъа лаьцначу зудчунна баркалла ала.
Ганнушкина а, цуьнан организацино а доккха гIо лаьцна а, лоцуш а ду нохчийн тутмакхийн кхолламашкахь.
ГIуллакх чIогIа гIарадаьллачех кхин цхьа нохчо Муртазалиева Зараъ ю. Бехк гуьнахь а доцуш чуйоьллина ю и жима зуда, Талхиговна тоьххначул, хан а тоьхна.
Шена тIехь йина кхел бух боцуш а, бакъдерг а ца къастош дIаяьхьнера аьлла, Заурбекан цIарах Европерчу Адамийн Бакъонийн Кхеле бина хилла латкъам, адвокатан бехканна хIаллакьбира Европерчу Адамийн Бакъонийн Кхело

Цхьана а кепара, оьрсийн Iедалшка шех къинхетам барца доьзна дехар а дина, хан яцъяйта дуьхьала хилира Талхигов. ТIаккха, ша динчунна дохко а ваьлла, кхин цкъа а, ишттаниг долуьйтур дац шегара аьлла, къера хила веза элира цо, Маршо радиоца Шелара мобилан телефонехула къамел деш. Муртазалиева Зараах лаьцна аьлчи, цо цкъа чуделира, шех къинхетам бар доьхуш долу кехаташ. Иза а, бакъонашларъярхоша дехар дича. Шена тIехь йина харцо лан ца луш, Заурбека чекхбаьккхира, ша юьхьарлаьцна некъ бохуш, дийцира Ганнушкина Светланас.

Ганнушкина: Заурбек чIогIа майра чекхваьлла. Оцу хьокъехь цо юьхьарлаьцна цхьа некъ бара. Хенал хьалха аравалийта кехаташ чудала лууш вацара иза. Iедале шех къинхетам байта лууш а вацара. Цунна хетарехь, хIинца а хета цунна иштта, суна а хета, цо 8 шой ах шой, цхьа а бехк боцуш, чохь даьккхина аьлла. Цу тIехь лаьттира иза шен хан чекх яллалц. ХIинца а и ойла еш ву иза. Цундела Страсбургерчу Кхеле а, кхечу кхелашка а латкъам бан дуьхьала хилира иза, ша чохь латтийна хьелаш хьокъехь. Халахеташ делахь, шена тIехь йина кхел бух боцуш а, бакъдерг а ца къастош дIаяьхьнера аьлла, Заурбекан цIарах Европерчу Адамийн Бакъонийн Кхеле бина хилла латкъам, адвокатан бехканна хIаллакьбира Европерчу Адамийн Бакъонийн Кхело.

Маршо радио: Адвокато Насонов Сергейс Талхиговн гIуллакхана дина зе хIинца гуш а, кхеташ а ду.

Ганнушкина: Насоновн-м, коммуникаци чекхяьлла моттара. Цунна муха моьттина хир дара коммуникаци чекхяьлла аьлла, нагахь санна, цхьа а коммуникаци хилла а ца хилча, ша и гIулалкх, цу муьрехь хIаллакдина даьлла а хилча. Со гал ца яьллехь, 2003-чу шарахь гIуллакх хIаллакьдинера. 2006-чу шарахь Насонов колоне вахнера, колонин администрацино, Талхигов чохь латторан хьелаш хийцар доьхуш, кхеле дехар дича. Новкъа ваьллачу Насоновна моттаделлера, колони Заурбекан хьелаш тодан гIерташ ю. Ткъа уьш, мелхуо а, уьш кхин а луьрчу даха гIерташ бара (колонин администрацин векалш).

Тхо гуттар а зIенехь дара Насоновца. Аса цуьнга хеттара, оцу латкъаман хан юхаметтахIоттон дагахь вуй хьо, бохуш. (Страсбургерчу) Кхело бахарехь, хила ма-беззара язбина латкъам, цаьрга кхаьчна бац. Хьалхара бина латкъам бен ца кхаьчна, боху. Цундела, дехар деш верг а, цуьнан векал а, шайн латкъамах юхаваьлла аьлла сацам бина (Страсбургерчу Адамийн Бакъонийн) Кхело. Цундела и гIуллакх хIаллакдинера.

Ша латкъам чубеллера боху Насоновс. Мухха делахь а, Европерчу Кхелан болх муха бу аьлчи, цо шеца уьйр латтор доьху. Халахета иштта иза нисделла. Аса тIаьхьуо кхин адвокат лецира. И бахьанехь гучудаьлла а дара (Заурбекан) гIуллакх дIакъевлина хилар. Схьагарехь, Насоновс оцу хенахь кхеле цхьа а дехар дина ца хилла. Цунна ца хаара и гIуллакх хIаллакдина хиларх лаьцна. Цетлина Ольга цIе йолчу адвоката хиина иза, хIинций дуьйна ша ю Талхиговн векал аьлла, Страсбургерчу Кхеле боцца хаам бахьийтича. ТIаккха цуьнга жоп даийтина и тайпа гIуллакх дан а дац, аьлла.

Заурбекан могашалла галъяьлла хан яра иза, молханаш дIа ца кхачадалора цуьнга. Иза чохь латточу хьелашна латкъам чубала гIерташ дара тхо. Амма Талхигов дуьхьала велира. Ша зулам дина аьлла, харцонца чуволларна, йинчу кхелана дуьхьала бен бийр бац ша латкъам, аьлла.

Маршо радио: Эххар а набахтера цIавирзинчу Талхигов Заурбекан а, Мордоверчу зударийн набахтехь хан токхучу Муртазалиева Зараан а гIуллакхаш, гIарадевллачех ду.
Масане ду уьш, цхьаннена а цкъа а гучудевр доцуш а, дуьйцур доцуш а.
Къаьсттина, Нохчийчохь шолгIа тIом болийча, конвейер а йина, набахтешка дIахьовсийна дукха нохчийн къомаха болу кегий нах. И гIуллакх шайн тидамехь латточу бакъонашларъярхойн хьесапехь, бехк боцуш чубоьхкина нах арабаха цхьа некъ бен бац.

Ганнушкина: Бехк боццушехь, дина зулам доцуш, чубоьхкина дукха нохчий бу. Ма-дарра аьлчи, цхьаммо а керста ца дина, Нохчийчохь тIемаш дIахьучу цхьана юкъанна, нохчий гучара дIабаха Iалашонца, хеццна, чубухкуш хилла хилар. Дукха хьехийнера, оцу кепара чубоьхкинчу нехан гIуллакхаш юхаталла дезаш хилар. И хаттар дуьххьара официала кепара хIоттийнарг Нохчийчоьнан куьйгалхо хилла Алханов Iалу вара. Уьш юхатоллур долу комисси кхолла дагахь вара иза. Шен ойланца и гIуллакх долор карахь дерг прокуратура бен яц. Амма Алхановн аьтто ца белира и гIуллакх чекхдаккха. Ур-атталла, гуш лаьтташехь, харц чубоьхкина нохчий а ара ца бахабелира. Цу тIехь тхан а, Нохчийчура Iедалийн а ойла цхьайогIуш яра - вуьшта-м, тхо цкъа а ма даций, царца цхьана а хаттарехь цхьа ойла йолуш. Уггар а къегина масала, Муртазалиева Зараан гIуллакх ду. Талхигов Заурбек лаьцначул тIаьхьа шо даьлча лаьцнера иза. Цунна а 8 шо ах шо хан туьйхира. Цхьана а кепара шега кховдийначу бехкаца гIуллакх долуш яц иза.
Бехк боццушехь, дина зулам доцуш, чубоьхкина дукха нохчий бу. Ма-дарра аьлчи, цхьаммо а керста ца дина, Нохчийчохь тIемаш дIахьучу цхьана юкъанна, нохчий гучара дIабаха Iалашонца, хеццна, чубухкуш хилла хилар

Маршо радио: Уггар ирчаниг, набахтехь могуш боцуш хиларал совнаха, чIогIа цомгуш болу нах латтор ду. Низамца а догIуш, могашаллин бахьанца, и тайпа нах маьршабаха безаш бу. Амма иза деш дац. Уьш маьршабаха безаш бу, олий сацам бо лоьраша. Ткъа арахецаран сацамаш кхело беш бу, цундела, уьш ара ца бовлуьйту.

Ганнушкина: Сих-сиха хуьлуш хIума ду, дукха хьолахь нохчашца хуьлуш ду иза, тоьхна хан набахтехь чекх а яьлла, иза араволуьйтучу минотехь, цунна тIе керла зулам хьарчош. Иштта кхузза чувоьллина ву Хатаев Шемал. ТIаьххьара, кхаа гIаролхочунна цо йиттина аьлла, чувоьллира. И стаг могуш ма вац. Кхо меже ю цуьнан (йовхарийн цамгаро) туберкулезо галъяьккхина. Кхаа гIаролхочунна йиттина цо? ТIаккха-м, и хIун гIаролхой бу шун цигахь болх бийриш, алий бен ца догIу.

Маршо радио: Ур-атталла, шен хьашташ кхочуш ца далун, лелаш боцу нохчийн тутмакхаш а ара ца бовлуьйту оьрсийн кхелаша.

Ганнушкина: Джанаралиев Леча, кхин цхьаъ и тайпа Iазап ловш Iачех ву. Машен юьгуш хиллачу цунна къиза йиттина. Сан цхьа а шеко яц, низмехь йоцчу тIеман тобанашца цуьнан уьйраш хилла ца хиларх. Цуьнца хилла некъахо хилла тарло. Соьга цунах лаьцна алалур дац. Амма иза вийна, воцуш ву иза. Джанаралиев, йиттина, дакъазваьккхина. Ша шен хьашташка хьажалуш вац иза цхьана а кепара. Меттахь висина ву иза. Оцу хьолехь воллушехь, хIара масех шо ду иза ара ца волуьйту. Юстицин министраллехь а дийцина оха цунах лаьцна, прокуратуре а дехарш дина оха. Делахь а, хан токхуш ву иза. Дукха шеконаш ю, зулам дина хиларан хьокъехь.

Маршо радио: Нохчашна тIехь адамийн бакъонаш йохон а, къизаллаш ян а Iемина оьрсийн бакъонийн система ерриг а телхина. ХIокху дуьнентIера цхьана а пачхьалкхехь бац, Оьрсийчохь санна набахтешкахь сел дукха тутмакхаш. Царна хеьсапдан а хала ду бохуш яра бакъонашларъярхо.

Ганнушкина: Йист йоцу истореш ю еттарх лаьцна. Йист йоцу - ПЗТ олучу, Къевлинчу Кепара ХIусамашна чохь латторх а, кхечу таIзарх а лаьцна истореш ю. Йист яц церан. ЦУнах дика кхеташ ду. Тхан бакъонийн органийн системашка чIогIа дукха нах баьхкина, Нохчийчура тIамехь хилла болу. Цара шайца талхийна кхетам а беана, доза доцу хьагI еана. Цул сов, шаьш хIуъа дарх, шайна цхьа а тайпа таIзар хир дац боху, буьззина тешам а бу церан. Ма-дарра аьлчи, Нохчийчохь а, цунна арахьа а, бехк-гуьнахь боцу нах лоьцуш, дIакхехьначу оцу компанеш, талламан системин болх талхийна. Цундела, хIинца беккъа нохчех хьакхаделла Iаш дац. Нагахь санна нохчий бехке бан мегаш хилча, зулам дар къастош бехкениг стенна лоьхуш ву? Эцца, цхьа ледарочу тобан юкъара стаг схьа а лаьцна и зулам цуьнан коча таса мегаш хилла. ХIинца, нохчашца цхьана, Азера баьхкина нах а бу изза бала хьоьгуш. Цунах лар ца ло уьш. Иштта (бакъонийн органийн) карабоьлхуш бу уьш. Суна-м ца хаьа, тхан набахтешкахь хан токхуш маса процент бехке нах бу.
Тхан бакъонийн органийн системашка чIогIа дукха нах баьхкина, Нохчийчура тIамехь хилла болу. Цара шайца талхийна кхетам а беана, доза доцу хьагI еана. Цул сов, шаьш хIуъа дарх, шайна цхьа а тайпа таIзар хир дац боху, буьззина тешам а бу церан

Маршо радио: Таханлера Нохчийчура Iедалш а ду цхьацца гIулчаш йохуш, набахтешкара нохчий арабаха Iалашонца. ЦIарца, хIокхунна дина аьлла, гIо дац. Делахь а, дагадовларш ду деш Оьрсийн Пенитенциаран Системин векалшца. Шуьца, бакъонашларъярхошца бой цара цхьанаболх? Шуьгахь шортта информаци а ю Нохчийчура Iедалшна пайде хир йолуш аьлла хаьттичи, Ганнушкина елаелира:

Ганнушкина: Нухажиевс тхоьца хIун юкъаметтигаш латтор ю, цо хIинцца, дукха хан йоццуш, Орловн кхелехь тхуна тIе харц хIума кхоьллина хилча? ДIаяла дIа, беламе хIума ду иза. Аса олуш ма-хиллара, Нохчийчура цхьана стеган бакъонаш ларъеш волу стаг ву Нухажиев. Дала аьтто бойла цуьнан, бехк боцу нохчий кIентий оьрсийн набахтешкара арабохуш. Оцу хIуманна тIехь-м со цуьнгахьа ю. Амма Нухажиевца тхан цхьа а уьйраш хила йиш йолуш яц.

Маршо радио: Низамаш чIогIа диканиш а, нийсаниш а ду Оьрсийчохь. Амма уьш кхочуш ца до. Ганнушкина Светланас бахарехь, къаьсттина, нохчех хьакхаделлачу гIуллакхашкахь, жоьпаллех кхоьру кхелахой.

Ганнушкина: Цхьаьллиг цхьана кепара низамаш болх ца бечу хьоле пачхьалкх ялийна хилча, цхьа а хIума, цхьанненгахь а хийца таро юй те бохург, суна-м доккха хаттар ду. «Коррупцица къийсам латтон беза вай» мел дукха бахарх, гIуллакх хир дац. Ахьа мел дукха «хьовла мерза ду» бахарх, багахь мерза ма ца хуьлу. Коррупционерш мелла а чубохкур-м бу, амма дIаер юй те коорупци? Нийсачу меттера ца болабо къийсам. Системин коьрта дакъа хилла цунах. Иштта ду дисина мел долу хIума а. Йозуш йоцу кхел яц вайн! Йозуш йоцу кхелан система яц вайн! Янне а яц иза! Жим-тIама низамашца болх беш йолу кхелан орган хуьлу иза, уггар а дикачу агIора хилахь. Цунна беш тIеIаткъам бацахь. Вуочу агIора, шайн хьашташ кхочушдечу, куьйгашна цIена боцчу наха дIахьуш йолу кхелаш ю уьш. Мел хала хетахь а, цунах Iитталуш ду тхо гуттар а. Низамо ма-боххура, сацамаш тIеоьцуш болу кхелахой дела денна жимлуш бу. Суна хIун хета аьлчи, наха ойла а ца йо, низамийн буха тIехь кхелаш ярна. Хазахета а дийр-м дара цара иза. Делахь а, жоьпалла цхьаннена а ца деза. Лакхара тIедожийна хIума ду иза. Ткъа Кхелан Iедал - Iедал ма ду! Iедалан, цунах дозуш доцу га хила дезаш ма ду иза. Амма вайн иза дац.

ЦIавирзина Талхигов Заурбек хIинца паспорт ца даккхалуш лелаш ву. Террорхойн цIейозанна тIехь ву аьлла цуьнга меттигера Iедалан хьукхматехь.
Маршо радионо кхин дIа а дуьйцур ду харц кхелаш а йина, чубоьхкинчу нохчех а, церан кхолламех а лаьцна. Дийца тхоьга, набахтера юхавирзинчу стеган дахар меттахIоттон гIертачу хенахь, хIун халонаш хуьлу.
Тхоьга телефон тоха я шайн истори юьйцуш кехат язде.

I0 42 07 24 0I 98 32