Къилбаседа Кавказера Хьал Талхийна 8 Стаг
1990 шарахь президента Елцин Бориса (Аьр) кхайкхам бинера Оьрсийчура республикийн куьйгалхошка "шайга ма-эццалун суверенитет схьаэца" аьлла. Амма Нохчийчоьнан президент Дудаев Жовхар иза дан хьаьжча, цунна дуьхьала ницкъ баьккхира. Кхолладелла хьал дийца дагадовларшка а ца вахара. Нохчийчу танкаш хьовсийра цуьнан метта.
Нохчийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр хиллачу Ахмадов Илеса ма-аллара "шен цIийца революционер" хиллачу Басаев Шемала шина а тIамехь дакъа лаьцна. 1997-чу шарахь Нохчийчохь дIабаьхьначу президентан харжамашкахь иэшам хилира Масхадов Асланца коьрта дарж къовсуш. 2000-чу шарахь Соьлж-гIалара араволуш ког баьккхина. ТIемалойн дийнна цхьа чкъор Iамийна. 2006-чу шарахь вийна.
СаIудера схьаваьлла волу Хаттаб 1995-чу шарахь кхаьчна Нохчийчу. Цул а хьалха масех шарахь ОвхIанехь тIемаш бина ву. ТIемалойн шен тоба а кхоьллина, сихха гIаравелира. 1997-чу шарахь Нохчийчоьнан коьрта гIалин къилбехь база а кхоьллина, бIеннаш кегий нахаца тIеман Iаморш дIадаьхьарца цхьана, салафи ислам а Iамийра. 2002-чу шарахь дIовш а даьлла, велла. Дийцарехь ФСБено цуьнга дIаьвшех дуьзна кехат хьажийна хилла.
ГIалгIайчоьнан президент хилла овхIанан тIеман турпалхо Аушев Руслан дIа а ваьккхина, 2002-чу шарахь харжамаш а байтина, Зязиков Мурат дIахIоттийра Путинс. Зязикован цIе юзу коррупцица, экономика йохарца, ницкъ бар лакхадаларца, "ларамаза" оппозицин лидер Евлоев Мохьмад верца а. Карарчу хенахь оьрсийн президентан Медведев Дмитрийн "хьехамча" ву. Москох и вехаш волу петаран мах 4 миллион долларе кхочуш ю боху.
Кхиазхо волуш нохчийн президентах Дудаев Жовхарх а, тIаьхьуо Басаев Шемалх а воккавевеш лелла ву Кадыров Рамзан. Республикан куьйгалхочуьн даржехь Москохара миллиардаш соьмаш ийзадо Нохчийчу. ГIаьхь-барамехь суфи исламехь болу нохчий бехачу махкахь юкъадалийна шена хетачу кепехь хийцамаш бина долу бусулба дин. Цуьнца цхьана дихкина маларш дохкар. Даккхий йовлакхаш тахкийтина зударшка а, зудаберашка а. Деха пхьош, еха коч бен лелон ца мега царна.
Ша рэкетир хилла хиларна мукIарло дина волу Умаров Докка шен Даймахке юхавирзина 1994-чу шарахь, цигахь тIом иккхича. 2006-чу шарахь дуьхьалонан боламан куьйгалле а хIоьттина, президент хилира. Дуккхаза а и верах лаьцна дIакхайкхийна Оьрсийн Къайлахчу Ницкъаша. Нохчийчоьнан маьршонехьа, иза йозуш ца хиларехьа беш хилла цо керстабаро цунна дуьхьала ваьккхина масех нохчийн тIеман командир.