Кхераме Гунаш: Ког Салазаш Хахка Хьо Цкъа а ГIур Воцу Меттигаш

ХIокху меттигехь цхьаъ бен доцу хьешан цIа Талибано дохийначул тIаьхьа, мукъа деношкахь цига бахка луучеран гIуллакхаш доьхна. Амма даханчу шарахь Сват атагIа Талибанера схьаяьккхинчул тIаьхьа, Iедалш кхин цкъа а дуьйладелла и меттиг хьалхалерчу кепе ялон

Цкъа мацах Азера Швейцари олуш хилла йолу Пакистанера Сват атагIа цигахь тIалибашна а, Пакистанан кхерамазаллин ницкъашна а юкъахь хиллачу тIемашца алсамуо евзаш ю. Доза Доцу Репортераша цунах "Кхераман АтагIа" олу.

Норвегино вовшах а тоьхна ког-салазаш хохкуш 7 дийнахь дIабаьхьна къийсамаш хьастагIа чекхбевлла Малам Джабахь. Ур-атталла Норвегин Пакистанехь волу векал а хилира цигахь. 8 эзар гергга ког-салазаш хохкурш а, царга хьожуш самукъадолурш а баьхкинера.

Шен заррат программа бахьанехь кхин а алсам дуьненах дIахада тарлуш ю ГIажарийчоь. Амма ТехIранал арахьарчу гунаш тIера чухехкалучара тергал ца до иза. Ло тIехь у хохкуш верг дIавирзина лаьтта, ТехIранна 50 чаккхарма къилбаседа-малхбалехьа йолчу Шемшакехь

Дохк а, тIех дукха адам а долчу мехкан коьртачу гIалара хьал долу гIажарий Дизин цIе йолчу, коьртачу Iаьнан курорте боьлху. Цигахь вуно дика хьелаш ду ког салазаш хахка. ХIокху дуьненахь уггар а лекхачех ду цигахь, ког салазаш хехка тодина лаьмнаш.

Талибано итт шо хьалха йохийна йолу, историкан маьIна долу Будда хIолламашца евзаш хилла Бамийан провинци, туристаш тIеозон керла хIума юкхадаккха гIерта.

Бамийан провинцера гунашна тIе хьалавалар кхерамца доьзна ду, цигара хьал сингаттаме хиларе терра.
Делахь а, ша и провинци, пачхьалкхан коьртачу Кабул гIалина 130 чаккхарма малхбузехаь йолу, мелла а паргIат ю.

Шен санна дикачех ерг кхин цхьаннен а ца хилийта дагахь араваьлла ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. ХьастагIа дIакхайкхийна Оьрсийчоьнан Внешэкономбанк $345 ахча дала дагахь ю хIинца а тIемаш боьлхучу Къилбаседа Кавказера республикехь ког салазаш

1,800 метр лакхахь йолчу Ведучи эвлахь йийр йолуш ю курорт. (Ведучера Диклой-Лам бу лакхохьа).
Тоьллачех долу хьешан цIийнаш, шале, ур-атталла, бер-кема охьахаа меттиг а ю курортехь йийр йолуш.