Герз духку нах Ιорабевлла хΙирашлахь


Къилбаседа ХIирийчохь леррина операци дΙаяьхна Кавказерчу гΙаттамхошна герз духку тоба лоцуш, хаам бина мехкан антитерроран кхеташоно. Герз Оьрсийчоьнан дозанал арахьара кхачош хилла, боху ФСБ-н хьостано. «Лахара Зарамаг» олучу юьртахь лаьттачу некъан ханехь кхо хΙири лаьцна, шайца йохка лерина Калашниковн кхо маса топ а, цунна патармаш а долуш. Иштта лецна тобан кхиболу декъашхой а – кхо стаг – Пригородни къоштарчу Сунжа-юьртахь. Цаьргара цул совнаха схьадаькхина лелха коьчал кечъен молха а, масситта деза герз а.