Террор лелорна шеко йолчу Кудаев Расулан хIусамнана лаьцнера тахана Кавказехь

Зуда стенгахь ю хIинца а хууш дац. И аьлла «Эхо Москвы» радиога хаам бина «Мемориал» бакъонашларъяран организацин векало Черкасов Александра.
Цу юкъанна ницкъаллийн структураша чIагIдо, шаьш и зуда мукъа ялийтинера, цул тIаьхьа дерш шайна ца хаьа, бохуш.