Греци кегарехь ю


Грецехь, дΙадахначу кΙирандийнахь хиллачу харжамашца а догΙуш, пачхьалкхан куьйгалла кхолла гΙерта толам баьккхина партеш. Амма барт карош бацарна, бухучу зил тΙехь лаьтта и болх. СИРИЗ- блокан куьйгалхочун Циприс Алексисан а, харжамашкахь хьалхара меттиг баьккхинчу «Керла демократи» партин а лидеран Самарас Антонисан а аьтто ца баьлла юкъахь министрийн кабинет кхолла. ХΙинца и дан гΙоьртар ю кхоалгΙачу меттехь йолу социалистийн парти. Грецин хиндерг гуш дацарца доьзна кху деношкахь механа лахделла Евробертан ахча – евро.