Twitter болх беш яц Пакистанехь

Пакистанерчу Iедалша дIакъоьвлина шайн махкарчу бахархошна Twitter олуш йолу интернет-портал. Цуьнан бахьана ду Twitter-ан администраци реза ца хилар, Мухьаммад пайхамар сийсаз ван гIерташ, цу сайтана тIехIиттош йолу материалаш дIаяха.

2010-чу шарахь, изза бахаьана долуш, Пакистанехь дIакъевлинера Facebook. Цуьнах пайда эца йиш йоцуш Iийра нах иттех сов дийнахь.