ТΙом боьду нохчийн лаьмнашкахь


Хьалха-Мартан къоштан лаьмнашкахь, Буматна гена доццуш, тΙематасадалар хилла. Вийна 4 гΙаттамхо. Къепе хΙотточарна юкъахь дараш дац. Иштта бу Нохчийчуьра официало баржийна хаам. Полицин хьостанаша бахарехь, ГΙалгΙайчоьнан дозанна гергахь лохуш ду тΙаме бевллачу гΙаттамхойх дисина дакъа.