Оппозицин митинг-концерт хилла Петарбухехь

Полицино шена луъург лелорна дуьхьала хьажийна йолу митинг-концерт хилла Петарбухехь. Цигахь дакъа лоцуш вара 500 ца кхоччуш стаг. И митинг дIаяхьа бакъо еллера Iедалша. Цигахь вист хилира 20 сов политикан жигархо.

Гулбеллачара айинчу плакаташна тIехь яздина дара «ДIаяккха полицин пачхьалкх» аьлла. Цулсовнаха гулбеллачара кхайкхамаш бора, политикан тутмакхаш дIахеца бохуш.