Маьлхан экъанна тIехула чекхйолуш ю тахана Венера

Астрономехь наггахь бен хуьлчу хIуманна тидам мега де ду тахана. Малхан экъанна тIехула Венера планета яхар. Латта тIера хьаьжча цхьа жима томмагIа санна гуш ю Венера. Астрономин гIирсашкахула я кIурбиллинчу куьзган чухула хьажлур ву цуьнга.
Маьлхан экъанна тIехула, бархI шо юкъа а дуьтуш, шозза йоьду Вененра. Цул тIаьхьа бIаь шо даьлчий бен ца йоьду.