Машаре мел ю, Оьрсийчоьно гIортор йийр ю ГIажарийчоьнан атоман энергина, аьлла Путина

Пекинехь дIахьучу Шанхайн Цхьанабелхан Организацин саммитехь вистхуьлуш, Оьрсийн президента Путин Владимира аьлла гIажарийн президенте Ахьмадинежад Махьмуде, Оьрсийчоьно гIортор йо ГIажарийчоьнан атоман энергина – амма иза машаре, нехан хьашташна лерина елахь.

Шен программа ТехIрано машаречу Iалашошна мел лелайо, Оьрсийчоьно гIортор йийриг хиларг тешийра гIажарийн президент Путин Владимира. Цо билгалдаьккхира ГIажарийчоьно а, Оьрсийчоьно а Бушерехь атоман станци еш кхиаме цхьанаболх бина хилар.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино ГIажарийчоьнна дуьхьала яьккхинчу еа санкцина гIортор йина Оьрсийчоьно. Амма керла санкцеш ма яха бохуш, дуьхьалонаш еш ю.