ДIадахана кIира сурташкахь -- Мангал-бутт 9-15

ШиIаташ гIаш боьлхуш бу Имам Муса ал-Казиман зиярте БагIдадехь. (AFP/Ali al-Saadi)

ШиIаташ гулбелла Имам Муса ал-Казиман зияртехь БагIдадехь.. (Ahmad al-Rubaye)

Лвив-гIалахь бераш ловзуш ду Euro 2012 постерна хьалха. (AFP/Anne-Christine Poujoulat)

Украинин а, Францин а бос болу духарш а дуьйхина, косказаш тIехь лела ши стаг ву  Донецкехь стадионна хьалха лаьтташ, оцу шина пачхьалкхан командаш ловза йолаяре хьоьжуш. (AFP)

Тимошенко Юлиян агIонча ву Киевехь тоьхначу четаран туьпахь. Цуьнан майки тIехь яздина ду "Футболан ловзарш набахти чохь". (Reuters/Michael Dalder)

Познан-гIалахь Хорватера жигархо ву "УЕФА-на юкъаяхийта Косово", аьлла, дешнаш тIаьхьа долу буьрка гойтуш. (AFP/Fabrice Coffrini)

Инагалсан махкара фанаташ Тимошенко Юлиян агIончаш тоьхначу плакаташна хьалха. (Reuters/Anatolii Stepanov)

Мангал-беттан 12 чохь Варшавехь Оьрсийн а, Полшин а фанаташна юккъехь иккхинчу тийсадаларшна дуьхьало еш ю полици. (AFP/Wojtek Radwanski)

Мисарехь президентан харжамашкахь дакъа лоцуш волу Бусулба Вежарийн кандидат Мурси Мохьмад рузбане веана КъихIир-гIалахь. (Reuters/Ahmed Jaddalah)

Эскаран Iедална дуьхьал болу демонстранташ шайн мачаш лестош бу КъихIирехь йолчу ТахIрир-майданахь. (AFP/Mohammed Abed)

Таджикистанехь терроризмана дуьхьал йолчу маневрашкахь. (AFP)

ОвхIанхойн зударий-эпсарш Iамош бу ТIеман Iамарон Центрехь Кабулехь. (Reuters/Mohammad Ismail)

Мангал-беттан 12 чохь Iедална дуьхьал йолчу демонстрацехь Оьрсийн жигархоша айъинера Микалайн замнахь лелла йолу байракх. (Reuters/Sergei Karpukhin)

Шема-пачхьлкхехь йолу ХIомс-гIала цIийлахь керчаш ю. (Reuters/Shaam News Network)

Панайота Марио дийна висира 68 шо хьалха Грецехь нацисташа Дистомо-юьртахь 218 маьрша адам дуьйш. (Reuters/Yannis Behrakis)