Европано шен маьхкдаьттана кхайкхийначу эмбаргано новкъарло йийр ю боху ТехIрано

ГIажарийчоьно варе дина, Европан Барто шен маьхкадаьттана кхайкхийначу эмбаргано вуон тIеIаткъам бийр бу, ТехIранан а, дуьненан нуьцкъалчу пачхьалкхийн а гIажарийн заррат программина тIехула долчу дагадовларшна, аьлла. ГIажарийн арахьарчу гIуллакхийн министраллин векало Мехман-параста Рамина, Европан гIажарийн маьхкадаьттана кхайкхийна эмбарго тIекхоччуш (Товбецан хьалхарчу де ду иза) хааме даьккхина и дIахьедар.

Даханчу кIирнах Москох дагадовларш дIадаьхьира ГIажарийчоьно а, дуьненарчу 6 нуьцкъалчу пачхьалкхийн векалша а. Уьш кхин цхьа а жамI ца хуьлуш дирзира.

Европан Бертан а, Цхьанатоьхначу Штатийн а Iаткъамна кIел йолчу пачхьалкхаша ца эцар бахьанехь, ГIажарийчоьно арахьа духкучу маьхкадаьттан барам тIаьхьарчу 6 баттахь 40 процентана лахбелла, аьлла дIахьедар дина Дуьненарчу Атоман Энергин Агенталло.
Къилб Корейно тахана дIахьедар дина, ша Гiажарийчоьнера оьцу чкхдаккхаза маьхкадаьтта эцар сацор ду Товбецан хьалхарчу дийнахь, аьлла.