Эмбарго йолаелла ГIажарийчура маьхкадаьтта а, ягорг а эцарна

Тахана дуьйна болх бан болабелла, Европано ГIажарийчура маьхкадаьтта а, ягорг а эцар доьхкуш болу сацам. Иза массо а Европан бертан ткъе вархIе пачхьалкхах хьакхалуш ду.

ТехIране шен заррат программа сацаяйта тIеIаткъам бан Iалашонца Цхьанатоьхначу Штаташа а, Европан Барто а юкъадаьккхина хIума ду иза. Даханчу шарахь 23 процент гIажарийн маьхкадаьтта доьхкина Европана, коьртачу декъана Итале а, Греце а.