Федерацин Кхеташоно къобалдина "кхечу пачхьалкхийн агентех" лаьцна долу низам


Оьрсийчоьнан Парламентан лакхара чоь йолчу Федерацин Кхеташоно тIеэцна Iедалех йоцучу вовшахтохараллех лаьцна долу низам. Цу низамца а догIуш, кхечу пачхьалкхашкара ахчанца гIо оьцуш йолу вовшахтохараллаш цIе лелош хир ю "кхечу пачхьалкхийн агенташ" аьлла.

Цул сов, сенаторша къобалдина Iаьржачу цIейозанна юкъайогIучу интенет-сайтех лаьцна долу низам а. Федерацин Кхеташоно мехкан бехк-такхман Кодексана юха а юкъабалийна «эладит» боху кхетам.

И низамаш тIе ма эцахьара аьлла, Федерацин Кхеташонан кьуйгалхочуьнга Матвиенко Валентине кхайкхам бинера Оьрсийчоьнан президентан структурашна юкъайогIучу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан куьйгалхочо Федотов Михаила.