Pussy Riot дΙахецар доьху адвокаташа

Москох дΙайоьдучу Pussy Riot протестан тобанарчу кхаа декъашхочуннна бехктΙебахьархочо набахтехь такха кхоккха шераш кхайкхор дехна суьдхошка кхелехь. Ткъа адвокаташа кхо йоΙ - Толоконникова Надежда а, Алехина Мария а, Самуцевич Екатерина а - бехказа яккхар доьху. Цара чΙагΙдо, кхаа йоΙа килсахь диндайшкара а, Путин Владимирера а шайна юьйлу аьлла хета харцонаш ялхош йиш лакхар бехк-такхаман кодексе диллал хΙума дац, иза цара нийса ца динехь а, бохуш.

Биъ бутт бу кхо йоΙ лаьцна кхобу а, дуьненахь а гIарадаьлла долу церан дов толлу а. Кхелехь килсан векалша а, церан адвокаташа а уьш набахте хьажор дехна.