500 Шемара нохчо ву шайн даймахка, цΙехьаверза лаам болуш, аьлла дΙахьедина Нохчийчоьнан арахьарчу зΙенийн департаменто. Оцу хьукматан куьйгалхочун гΙовса Зубайраев Юсупа бахарехь, цуьнан департамент барт беш ю Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министраллаца Шемара Декъаста берза луучарна визанаш яларан хьокъехь.
ТIаме йирзинчу Шемахь 6 эзар нохчо ву вехаш, церан векалша тоьшалла дарехь. Доккхачу декъанна уьш беха Демаьшкахь, Алеппохь, ХΙомсехь, оцу гΙаланашна гонаха.