Президенталла къовса накъост лаьцна Ромни Митта


Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дарже кандидат волчу Ромни Митта шеца цхьана вице-президентан дарже харжамашкахь халкъан кхоже вилла къастийна Райан Пол.

42 долу Райан Пол Висконсера депутат ву конгрессехь. Цуьнца цхьана йолош ю Ромни Митта Вирджиния, Флорида , Огайо, кхечу а штаташкахула, гурахь харжамашкахь дакъалоцундолчу нахана хьалха хΙуттуш, хΙинца чекхвала лерина турне.