Пусси Райотехьа акци хилла Москохарчу Килсана хьалха

Пусси Райот олучу панк тобанна гIортор еш, ткъеха жигархочо леррина акци дIаяьхьира тахана Москох.

Оьрсийчоьнан коьрта гIалахь уггар а йоккхачех йолчу Килсанна хьалха гулбеллера уьш, яххьаш дIа а къевлина. Церан карахь телаташ дара «Къобалдина а, Къинхетаме а» боху тIехь а долуш. Килсан кхерамазаллин эпсарш и тоба дIасалалла хьаьвсира. Амма цуьнан метта тасадалар хилира жигархошна а, цу эпсаршна а юкъахь. Тiаьхьуо тIекхаьчначу полицино виъ жигархо лаьцна.

Пусси Райотан кхо декъашхо – Толоконникова Надежда а, Алехина Мария а, Самуцевич Екатерина а кхелехь ю, хIокху шеран Чиллан баттахь оццу Килсанна чохь оьрсийн президентана путин Владимиран урхаллина дуьхьал акци дIаяьхьарна. Церан хьокъехь болу кхелан сацам тIедогIучу пIераскан дийнахь бан безаш бу кхело.