Хасу-юртачу шиIатийн маьждигехь герзаш диттина

Дагестанерчу Хасу-юртахь бевзаш боцчу наха герзаш диттина, шоьтан дийнахь шиIатийн маьждигехь хиллачу нахана тIе. Хасу-юьртан дарбан цIийне кхачийна чевнаш йина хилла 8 стаг. Царах шиъ реанимацехь ву. ТIелатар динчеран аьтто баьлла къайлабовла.

Цига баьхкинчу саперашна карийна, Марха достучу дийнахь эккхийта кечъйина хилла нуьцкъала бомба. Цкъачунна цхьаммо шена тIе ца лаьцна тIелатарх долу жоьпалла.