КIиран сурташ -- Товбеца-бутт 11-17
Олимпан ЦIе рогIерчу дайшка дIалуш ю Лондон (ИТАР-ТАСС/Красильников Станислав)
Оьрсийчоьнан Олимпан тоба шайн пачхьалкхан гимн локхуш ю Лондонерчу олимпиадан тIаьххьарчу дийнахь исбаьхьаллин гимнастикехь шайна юкъара спортхой толар даздеш. (Reuters/Blake Mike )
Москох Pussy Riot-на кхел яр емалдеш бу ингалсхой Лондонерчу Оьрсийчоьнан векалтна хьалха. (AFP/ Nash Max)
Pussy Riot-на таIзар дарна резабоцчийн гулам хIоьттира Брюсселерчу Европан цхьаьнакхетараллин хIусамна хьалхах
Шемин тIеман кеманаша Азаз-гIалахь дохийначу шен цIенна хьалхахь воьлху воккха стаг. (Reuters/Tomasevic Goran )
Шемахо-мухIажир "Аль-Заатри" цIе йолчу четарийн куьпахь, Мафракъ-гIала, Урдо. (Reuters/Jaber Majed )
Марха даста кечам беш, аьхкаш оьцуш ю овхIанхо Герат-гIаларчу базарахь. (AFP/Karimi Aref )
Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран сурт а лаьцна лаьтта Pussy Riot-на таIзар дарна резавоцу Чехин вахархо Прагерчу Вацлаван майданахь. (Reuters/ Cerny David)
Москох, Pussy Riot-тобан агIо лоцуш, пена тIехь диллинчу сурта уллехула волуш ву меттигера вахархо.(AFP/ Смирнов Андрей)
ГIажарийчохь мехк бегийча зе хилла яхархо лаьтта шен цIа хиллачу меттехь.
Шен накъостан дакъа тIамана юкъарадоккхуш ву Шемарчу Алеппо-гIалара гIаттамхо.
Украинерчу Оьрсийчоьнан векалтна гергахь Pussy Riot-на маршо йоьху гуламхочо, Киев. (Reuters/Степанов Анатолий) Мархийн беттан Лайткъадар буьйса Къуръанан аяташ доьшуш дахьош бу Боснин а, Герцоговинан а бахархой.
Македонерчу Кукличи-юьрта тIехула богу седа чекхбаьлча стигалахь йисина лар. (Reuters/Teofilovski Ognen )