Полисхочуьн машен эккхийтина ГIалгIайчохь

Юха а полицин белхахочуьнан машен эккхийтина ГIалгIайчохь. Цу чохь хилла волу полисхо Нальгиев Гирихан, еза чевнаш а йина, велла дарбанан цIийне
дIавуьгуш.

Эккхар хилла Сипсу-ГIалахь. Сунжа-кIоштарчу полицехь болх беш волчу Нальгиевн машеннна къел йиллина хилла иккхина йолу бомба.