Леррина операци ю ХΙирийчохь йоьдуш


ХΙирийн махкарчу Пригородни кΙоштΙахь террорна дуьхьалояран раж кхайкхийна. Ткъа цуьнан хΙун бахьана ду ца довзийтина Ιедалша цкъачунна. Полицерчу цхьана хьостано бинчу хаамца, гΙалгΙайн-хΙирийн дозанца тΙемалойн тоба хааеллачух тера ду Кумгорон ( я гΙалгΙаша Товзан-Юрт) олучу меттехь. Цкъачунна официалан хаам бац жамΙех лаьцна.