КIиран сурташ -- Гезгмашин-бутт 1-7
Молдовах дIакъаьстина Трансднестрия республика йозуш йоцуш хиларан де даздеш, тIеман парадехь дакъа лоцуш бу салттий. (Reuters/Gleb Garanich)
Пакистанерчу полисхоша чехош ву, Исламабадехь ша кхеле валош, гулбеллачу нахе мохь бетташ волу Къоран дагийна аьлла, керста йоI харцонца бехке йина волу, молла Халид Хафис. (AFP/Farooq Naeem)
Шемарчу Алеппо-гIалахь чевнаш хилла жима стаг ву къоьвлинчу туькана хьалха, метта вогIуш, хиина Iаш.(AFP/Achilleas Zavallis)
ГIажарийчура Мазандаран-провинцехь Сари-гIалана гена доццуш дарбанан хи моьлуш бу бахархой. (Fars)
Венгрехь демонстранташ айина ду Азербайджанехь дIахецначу стага вийначу эрмалойн эпсаран Маркарян Гургенан сурт. (AFP/Attila Kisbenedek)
Лондонерчу 2012-чу шеран Паралимпин ловзаршкахь гоьмукъ кхуссуш ша толам баккхар кху кепара даздеш ву Иракъера Наас Ахьмад. (Reuters/Toby Melville)
ГIажарийчура Жокар Абдолреза гоьмукъ кхуссуш къовсалуш ву Лондонехь Паралимпин ловзаршкахь.(AFP/Glyn Kirk)
Гезгмашин-беттан 2-чу дийнахь Москох-гIалина гена доцуш Бородино олучу меттехь хиллачу даздарийн дакъалацархой.(Reuters / Сергей Карпухин)
Iемаркан президент Обама Барак сцени тIе волуш ву Къилбаседа Каролина-штатехь Шарлотта-гIалахь хиллачу Демократин партин гуламехь. (Getty Images/AFP/Streeter Lecka)
Кабулехь бIаьрзечу нехан школехь пенца йогIуш ю дешархо. (Reuters/Omar Sobhani)
ОфхIанера полисхой дакъа лоцуш бу, уьш ХIератерчу Iаморан центрехь дешна бовлар хьокъехь дIаяьхьначу церемонехь. (AFP/Aref Karimi)
ОвхIанистанерчу Кандагар-провинцехь Iамеркан ницкъашца цхьаьна гIуллакх деш волчу офхIанан эскархочуьнга хьоьжуш ду жима бер. (AFP/Tony Karumba)
Баьццара а, цIен а беснийн нур лепаш ду стигалахь, Канадин къилбаседехьа йолчу Юкон-регионерчу, ВайтхIорс олучу эвлана тIехула. (Reuters/Courtesy of David Cartier, Sr./NASA)