Чехин полицино хаам бина, ша дΙаьвше къаьркъа деш хилла ши стаг лаьцна, аьлла.
Массех де ду оцу махкахь туьканашкара эцначу къаьркъанах дΙовш а дуьйлуш нах ле – церан чот ю карарчу ханна 20 стаг. Мехкан къилба декъерчу Злин-гΙалахь карийна полицина могашаллина кхераме долу метилан спиртах къайлаха малар кечдеш хилла меттиг. Къаьркъано нах хΙаллакбарца доьзна ханна дихкина Чехерчу ресторанашкахь а, кафешкахь а дΙаса а дуттуш маларш дохка.