Нобелан преми елла японхочунна а, ингалсхочунна а


2012 шеран физиологехула а, медицинехула а долу Нобелан совгΙат делла Японерчу Яманака Шиньяна а, Британерчу Гурдон Джонна а. Стокгольмерчу оцу совгΙатан комиссино «медицинехь революци йоккхуш бу», аьлла, къастийна оцу шина Ιилманчас, юкъахь болх а беш, дийнатийн а, адамийн а дилха цΙелиг толлуш гучудаьхна керла хаарш. 1901-чу шарахь дала долийна Нобелан совгΙат. ХΙинцалерчу толамхошна и дΙакхачор ду совдегар Нобель велла де тΙекхочучу ГΙуран-беттан 10-чохь.